Россин бахархой пенсе бахаран хан тIетохар, уггаре а хьалха, 1959-чу шарерчу божарех а, 1964-чу шарерчу зударех а хьакхалур ду. Оцу шарахьлера бахархой, юкъан муьран лехамашца а догIуш, 2020-чу шарахь пенсе гIур бу – божарий 61 шо долуш а, зударий 56 шо долуш а.
Кхузахь дагадаийта догIу лакхахь хьахийна болу хийцамаш Россин къинхьегаман а, социальни гIаролан а министерствос кеч а йина, Россин Правительствос Пачхьалкхан Думе кховдийна а, Пачхьалкхан Думо къобалйинчу а федеральни законан проектаца богIуш хилар. Иза законопроект россихошна «Пенси хIотторан а, дIадаларан а хьокъехь йолчу федеральни законодательни цхьайолчу акташна юкъахь хийцамаш баран хьокъехь» йолу проект санна евзаш ю.
Оцу законопроектан гIоьнца Россин куьйгалалла лерина ду бахархой пенсе бахаран лакхаяккха: хIинццацл 60 шо кхаьчча пенсе воьдуш волу боьрша стаг 65 шо кхаьчча пенсе вахийтар а, 55 шо кхаьчча пенсе йоьдуш йолу зуда – 63 шо кхаьчча.
Нагахь санна оцу законопроектана Россин Президента куьг яздахь, хийцамаш дIаболо лерина тIедогIучу 2019-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна.
Бахархой пенсе бахаран хан тIекхетар 2019-2028-чуй шерашкахь божаршна а, 2019-2034-чуй шерашкахь зудашна а лерина хиларан хьокъехь хаам Россин Пенсионни фондан (ПФР) республикехула йолчу отделенин пресс-службо а бина. Цуьнца нийса а догIуш, божарий пенсе бахаран хенан юкъан мур 10 шаре болу, ткъа «зударийн» мур – 16 шаре.