Хууш ма-хиллара, дIадаханчу шарахь, Россин Федерацин Президента Путин Владимира «шен ненан боцу мотт школашкахь Iамор тIедожор нийса дац» аьллачул тIаьхьа, кечъян йолийнера «Россин Федерацехь дешар» Законехь хийцамаш баран хьокъехь йолу законопроект.

Цуьнан авторша хIоттийначу проектаца нийса а догIуш, Россина юкъарчу къаьмнийн республикийн пачхьалкхан меттанаш школашкахь Iамор тIедожийна хилар дIадаккха догIура.
Оцу хийцамашна шаьш реза цахилар хаийтира ГIезалойчохь, Башкортостанехь, Къилбаседа ХIирийчохь, Тувахь, Якутехь, Нохчийчохь, ГIалгIайчохь, Хакасехь, Комехь, и.дI.кх.а.
Керлачу законопроектан лехамашна дукхах йолу республикаш реза ца хиллехь а, цуьнан «хьалхара» кеп, тIахьуо хийцамаш бар тIе а лоцуш, тIеийцира Россин Пачхьалкхан Думехь.
Цигахь Нохчийчоьнан цIарах депутат а, Къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу комитетан председателан заместитель а, йийцаре ечу законопроектан хьалхарчу авторех цхьаъ а хиллачу Саралиев Шамсаила айъира «Россин Федерацехь дешаран хьокъехь» долчу законехь бан леринчу хийцамийн тема.
Цо билгалдаккхарехь, и проект Пачхьалкхан Думехь шолгIа а талла йолийча, цу юкъахь къастийна хила дезаш дара Россин къаьмнийн республикашкарчу пачхьалкхан меттанаш шайн ненан меттанаш лоручу дешархошна уьш Iамор тIедожийна хилар, ткъа кхечарна – шайн а, дай-нанойн а лааме хьаьжжина.
«Оцу законопроектехь хийцамаш бе аьлла, дIабовзийтира оха Нохчийчоьнан лаам – Россин Федерацина юкъарчу республикийн пачхьалкхан меттанаш шен ненан лоручарна уьш Iамор тIедожор, ткъа кхечарна – шайн а, шайн дай-нанойн а лааме хьаьжжина», – билгалдаьккхинера Ш.Саралиевс.
Дагадаийта догIу депутата и «ойла» Россин Федерацин Президентан Администрацин векалшна а йовзийтина хилар.
Саралиев Шамсаила бовзийтинчу хийцамашна шаьш резахилар хоуьйтуш, куьйгаш яздира Россин Пачхьалкхан Думин депутаташа Делимханов Адама, Селимханов Мохьмада, Догаев Ахьмада, Милонов Виталийс, Сайтиев Бувайсара, Агаев Вахас, кхечара.
Саралиев Шамсаила а, ГIезалойчоьнан цIарах Россин Пачхьалкхан Думехь болчу депутатийн а, иштта, Россин Федерацин Президентан Администрацин а «лаамаш» юкъа а лоцуш, йийцаре ечу законопроектах закон хилира. Россин Пачхьалкхан Думо тIеэцна долу и закон къобалдира Россин Федерацин Федаральни Советехь а. Ткъа хIинца, Россехь закон тIеэцаран кепаца нийса а догIуш, оцу законна куьг яздина Россин Федерацин Президента Путин Владимира.
Дагадоуьйту, къаьмнийн меттанаш Россин юкъайогIучу республикашкахь дешархойн лааме хьаьжжина бен Iамо ца деза аьлла, леррина кечйина йолу законопроект Пачхьалкхан Думе кховдийнера оханан (апрель) беттан хьалхарчу деношкахь. Авторшна юкъахь Саралиев Шамсаил а вара.
ТIаьхьо, «законопроект кечъярехь хиллачу Iалашонел бан лерина хийцамаш дуккха а дехьабевлла хиларца» доьзна, Саралиев Шамсаил дIавелира оцу законопроектан авторшна юкъара.
Депутата дийцарехь, законопроект ша хIотторан Iалашонашкара яьлла хиларца доьзна дара цунна реза йоцучу Россин субъекташна юкъахь уггаре а хьалхарчарах Нохчийчоь хилар а, цо, шен цIарах, хийцамаш бар а.
ХIинца, ма-дарра аьлча, Путин Владимира куьг яздина долу и закон «дуьхьал ду» кегийчу къаьмнийн меттанашна, хIунда аьлча, цуьнан лехамашца нийса а догIуш, дешархоша школашкахь Iамон лерина болу «ненан мотт» шаьш дешархоша а, церан дай-наноша а къасто богIуш бу. Цул сов, хIинца, «ненан мотт» аьлла, оьрсийн мотт харжа а бакъо елла. Кхуззахь билгалдаккха догIу дешархоша а, церан дай-наноша а къастийна болу «ненан мотт» хьехар (масала лаьзгийн мотт хьехар – авт.) хIора а юкъарчу а, юккъерчу а дешаран учрежденехь и хьеха а, Iамо а кхоьллинчу хьелийн гурашкахь бен хир долуш цахилар.
Цо билгалдоккху «Россин Федерацехь дешаран хьокъехь» долчу законехь бинчу хийцамаша дешархошна а, церан дай-наношна а школашкахь шайн «ненан мотт» харжа а, иза кхачам боллуш Iамабайта бакъо еллехь а, практикехь иза далур долуш хIума цахилар. Масала, Нохчийчохь, Шелковски кIоштарчу Яна-Кхаьллахь бехачу гIезалоша шайн берашна меттигерчу школашкахь хьехийта «ненан мотт» гIезалойн мотт къасторах а, оцу школашкахь и мотт хьеха хьехархой бацахь я церан кхачам бацахь, царна и хьоьхур бац, хIунда аьлча, законехь билгалдаьккхина ду иза – ««ненан мотт» хьехар хIора а юкъарчу а, юккъерчу а дешаран учрежденехь и хьеха а, Iамо а кхоьллинчу хьелийн гурашкахь бен хир долуш дац», – аьлла.
Дешархоша а, церан дай-наноша а къастийна «ненан мотт» хьеха аьтто бацахь, дешаран учрежнеша Россина юкъарчу республикашкахь меттигерчу пачхьалкхан меттанех мотт харжа бакъо ло дешархошна а, церан дай-наношна а, ткъа «пачхьалкхан мотт» хила бакъо йоцучу Россин субъекташкахь (край, область, автономин округ, федеральни маьIнера гIала, и.дI.кх.а.) – кхин харжам цахиларе терра, «ненан меттан» меттана оьрсийн мотт хьоьху.
Лакхахь билгал ма-даккхара, закон тIеэцна даьлла, кхидIа, и закон «дахийта» мел оьшуш долу хьелаш ФГОС-шкахь бийр болчу хийцамашца кхуллур ду.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана къобалдина Пачхьалкхан Думо тIеэцна ненан меттан хьокъехь долу закон.
«Пачхьалкхан Думехь болчу вайн депутаташна ас тIедиллинера проект кечъярехь а, йийцаре ярехь а жигара дакъалацар. Суна хетарехь, проектан чулацамна, шен ницкъ ма-кхоччу, жигара тIеIаткъам бар тоьла, иза тIеэцначул тIаьхьа, юьстахваьлла, даккхий синош дохуш лаьттачул. Оцу ойланца дина дара ас царна тIедиллар. Ас дешна и документ. Ненан мотт Iамо лууш волчунна а, иза безаш волчунна а еш цхьана а тайпа дуьхьало ца го суна», – билгалдаьккхина цо.
И.АДАМОВ
№59, шинара, хьаьттан (август) беттан 7-гIа де, 2018 шо