Хьаьттан (август) беттан 3-чу дийнахь бакъдуьнена вирзира Темерханов Юсуп. 2011-чу шарахь экс полковник Буданов Юрий верна бехке а вина, набахтехь даккха 15 шо а тухуш, чувоьллина вара иза 2013-чу шарахь.
Республикера а, ГIалгIайчуьра а, Дагестанера а, Кхарачойн-Чергазийчуьра а, Россин кхийолчу субъекташкара а, ур-атталла Европерчу мехкашкара а эзарнашкахь нах баьхкина ца Iаш, Темерханов Юсупан тезета, Гелдагана, республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а вахара.

«Чекхбели Темерханов Юсупан хIокху дуьненара некъ. Иза кхелхина Омскерчу набахтехь хьаьттан (август) беттан 3-чу дийнахь Iуьйранна. Иза бехке винера экс-полковник Буданов Юрий верна. Дов хаттар а чIогIа деха лаьттира. Юсупа ша бехке хилар тIе ца лецира», – яздина Кадыров Рамзана, ВКонтакте чуьрчу шен агIонехь, ша тезета ваханчул тIаьхьа.
Цо билгалдаккхарехь, «Темерханов бехкеваро а, иза чуволларо а цунах нохчийн халкъан а, кхийолчу республикашкарчу миллионашкахь болчу нехан а бIаьргIаш чохь Кунгаева Эльза хьийзор а, ер а Буданов Юрийна дIадекхнарг вина».
«Нохчийчоьнан хIора а вахархочо ша-ша юьхьIаьржа хIоттор санна тIеэцнера Эльза ер. Цуьнца доьзна дара Темерханов Юсуп кхелхина аьлла хаам баьржина масех сахьт а далале, цуьнан юьрта, Гелдагана, Нохчийчуьра а, Россин кхийолчу субъекташкара а эзарнашкахь нах тезета эха буьйлабалар. Гелдагана юьрта йисттера дIа, кхидIа машенашкахь тIе ца бахалуш, нах гIаш дIаихира тезета», – яздира республикин Куьйгалхочо.
Шоьта дийнахь, шеца республикин муфти Межиев Салахь-Хьаьжа а, Правительствон хьалхара вице-премьер Тумхаджиев Iийса а, Парламентан спикер Даудов Мохьмад а, Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам а волуш, Нохчийчоьнан Куьйгалхо Кадыров Рамзан а хилира Юсупан тезетахь.
Кадыров Рамзанна хетарехь, Темерханов Юсупан бехк цахилар тIаьхьа мел билгалдалахь а, нехан иэсехь иза даима а вехар ву нохчийн йоI Кунгаева Эльза хьийзор а, ер а дIадекхна волу турпалхо санна.
«Ткъа Буданов Юрий, Россин Федерацин эскарийн генштабан хьаькама Квашнин Анатолийс ма-аллара, «маьршачу бахархошца хиллачу юкъаметтиге хьаьжча, бандит а, боьхIума а хиллера, эскарийн коллективера шен орамашца дIаяккха езаш йолу»», – аьлла, дешнаш далийна Кадыров Рамзана.
«Веза-Воккхачу Дала харжам бан бакъо хIоранна а елла. Цхьаверг, шен цIе халкъан иэсехь яха а ютуш веха, шолгIачо шен цIарна тIе гуттаренна а долу эхь дожадо», – олуш, дIадерзийна республикин Куьйгалхочо шен йоза.
И.ХАСАХАНОВ
№59, шинара, хьаьттан (август) беттан 7-гIа де, 2018 шо