Толуш ду пенсионерийн хьашташ кхочушдар

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира Россин Федерацин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехь йолчу отделенин урхалчица Ахмадов Мохьмад-Эмица. Цигахь дийцаре дира республикин бахархошна пенсешца кхачояран хьокъехь долу гIуллакхаш.

М-Э.Ахмадовс дийцарехь, отделенехь леррина болх бо пенсионерийн хьашташ кхочушдар тодаран декъехь. Оцу Iалашонца, телевиденихула, радиохула бахархошна хаамаш барца цхьаьна жигара белхаш бо мессенджерашкахь.

Цул сов, цо ма-баххара, болх беш ю Колл-туш. Цуьнан номера тIе телефон тоха йиш ю республикин бахархойн. Царна хаа лууш долчунна кхачам боллуш жоьпаш лур ду цигахь. Пенсионерийн, иштта, пайдаэца
йиш хир ю Россин Пенсионни фондан официальни сайта тIерачу Шен кабинето (Личный кабинет) кхочушдечу хьаштех. Цу тIехь пенсионни бакъонийн, страхови стажан, пенсионни баллийн хьокъехь хаамаш беша аьтто хир бу.

«Герггарчу хенахь керлачу тIегIане хьаладевр ду тхо. ТIаккха вайн бахархойн справкаш вовшахъетта гIерташ къахьега дезар дац. Тхан говзанчаша и болх бийр бу бахархоша (заявлени) дехар чу делчахьана. И дарца оха къанбелла нах паргIатбохур бу пенси бахархьама я пенси юха ларархьама тайп-тайпанчу инстанцешкахула леларх», – элира Россин Пенсионни фондан Нохчийчохь йолчу отделенин урхалчас.

М-Э.Ахмадовс дийцира республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн дехарца Россин Пенсионни фондан куьйгалле дахьийта дехар кечдина хиларх лаьцна. Цу тIехь доьхура, гIурбанан денца доьзна, хьаьттан (август) баттахь пенсионерашна хенал хьалха товбецан (сентябрь) беттан пенсеш схьадалар.

«Федеральни тIегIанехь къобалбина Р.Кадыровн и лаам, оцу шина баттана пенсеш дIадаларна оьшучу ахчанца хIинцале кхачо йина. Пенсеш дIадала долор ду хьаьттан (август) беттан 15-чу дийнахь дуьйна», – элира цо.

Ахмадов Мохьмад-Эмис дийцина ма-хиллара, Пенсионни отделенин кIошташкарчу отделашка балха хIоттийна 24 стаг. Шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу бакъонашларъяран органийн белхахойн бераш ду уьш.

Регионан Куьйгалхочо дIахаийтира Россин Пенсионни фондан Нохчийчохь йолчу отделенис беш болчу балхана ша резахилар.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхира отделенин белхан хьокъехь шега цхьамма а арз дина цахилар, иза цуьнан урхалчин М-Э.Ахмадовн доккха хьуьнар бахьана долуш хилар.

Иштта, Нохчийчоьнан Куьйгалхочо хаьттира М-Э.Ахмадовс бечу юкъараллин балхахь долчу хьолах лаьцна. Нохчийчоьнан кикбоксингехула йолчу федерацин президент ву Мохьмад-Эми.

Цу декъехь долу хьал довзуьйтуш цо хаийтира хьаьттан беттан 16-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь кикбоксингехула дуьненаюкъара турнир дIайолалург хилар а, иза Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа винчу денна лерина хилар а. Турнирехь дакъалоцуш хир бу дуьненахь а бевзаш болу кикбоксераш. Царна юкъахь хир ву «Ахмат» клубера Самедов Забит а, Тапаев Турпал а.

Д.АНАДЕВ

№59, шинара, хьаьттан (август) беттан 7-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: