конкурсан рогIера жамIаш дира Нохчийн Республикин Къоман библиотекехь.
Дагадоуьйту, «Соьлжа-ГIалахь» гуьйре цIе йолу суьртийн конкурс кху шарахь шолгIа вовшахтоьхна ю Къоман библиотеко хаамийн «Грозный-информ» агентствоца цхьаьна. ХIинцачул тIаьхьа ламаст хилла дIахIуттур ду иза хIора гуьйранна дIаяхьар. Вайн республикехь, къаьсттина кегийрхошлахь суьрташдахаран искусство яьржина хиларе терра, суьртийн конкурсаш вовшахтохар вуно мехала ду. ХIунда аьлча, кхоллараллин некъ дIаболош болчу кегийрхошна шайн хьуьнарш гайта а, царех уггаре а похIме берш къасто а, царна накъосталла дан а таро ло цу тайпанчу конкурсаша.
Билгалъяьккхинчу конкурсе дахкийтина суьрташ Соьлжа-ГIалахь гуьйре гойтуш хила дезара. Магош дацара царна тIаьхьа адамаш хилар а, лерринчу программашца суьрташ кечдар а. Конкурсехь дакъалоцуш 26 стаг вара. Царех 21 бен къасторан туре ца кхечира, хIунда аьлча, бакъенашца догIуш дацара церан белхаш. Дакъалаьцначу 100 суьртах 35 болх къастийра жюрис. Уьш библиотекин гайтаман зала чохь хьовсархойн тидаме дехкинера. Оцу 35-нах тоьлла кхо сурт билгалдаьккхира. Тоьлла белхаш къастош бара вайн республикехь а, дозанал арахьа а дика бевзаш болу суьрташдахархой Садулаев Муса, Царнаев Сайд-Хьуьсен, Вахаев Казбек.
Вахаев Казбека билгалдаьккхира кху шарахь конкурсе дахкийтина суьрташ дIадаханчу шарахь хиллачарел дика а, хаза а хиларна толамхой къасто хала хилла хилар.
Библиотекин директора Исраилова Сацитас дийцира дIадаханчу шарахь билгалъяьккхинчу конкурсехь толам баьккхина волу къона суьрташдахархо карарчу хенахь Санкт-Петербургехь доьшуш, говзалла лакхайоккхуш хилар. Цигахь цунна суьрташдахаран искусство Iамош ву гIараваьлла Iамаркахойн суьрташдахархо.
2014-чу шеран «Соьлжа-ГIалахь – гуьйре» конкурсехь совгIатан кхо меттиг билгалъяьккхира жюрис. Хьалхара меттиг Газиханов Руслана яьккхира. ШолгIа меттиг Байраков Зубайрана елира. КхоалгIа меттиг Кадиева Хьавана елира. Толамхошна дипломаш а, ахчанан совгIаташ а делира.
А.МУСАЕВА
Авторан сурт