«ДIонди-Юрт» этнографин музейн кетIахь дуьйна хаалуш дара цигахь шатайпа даздарш, хилам дIабахьа кечамаш бина хилар. Музейн диллинчу кевнехула чубоьлху нах тайп-тайпанчу къаьмнийн духарш дуьйхина бара, хезаш самукъане мукъамаш бара, къоман даарех йоьттина стоьлаш дIахIиттош бохкура музейн а, министерствон а белхахой, фестивалана кечамаш бара беш.
Хьалха-МартантIерчу этнографин «ДIонди-Юрт» музейхь Нохчийн Республикин халкъийн культурин а, искусствон а «Нохчийн Республика – ДоттагIаллин цIа» республикин фестиваль яра дIахьош.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, Нохчийн Республикин Парламентан депутат Нагаев Iадлан, Хьалха-Мартан кIоштан администрацин куьйгалхочун заместитель Мустаев Мовсар, «ДIонди-Юрт» этнографин музейн директор Сатуев Адам, ткъа иштта, вайн республикехь дехачу халкъийн къоман-культурин туьшашкара коллективаш а.
Фестивалан болх дIахьош яра лакхахь хьахийначу министерствон муьран зорбанан а, интернетан а изданийн отделан хьаькам Хурцаева Элиза. Хьалхара дош министре делира цо. Шен къамелехь Д.Умаровс билгалдаьккхира вайн республикехь дехаш долчу халкъийн бакъонаш цхьатерра хилар а, цхьа доьзал хилла уьш бертахь дехаш хилар а.
«Вайн хазачу республикехь бертахь бехаш бу дуккха а халкъийн векалш. Цара вайн республикин историн юкъа доккха дакъа диллина. Вайн махкахь тIемаш болчу хенахь бохамаш хIора хIусамехь а бара. Амма тIедеана вон вайца цхьабосса доькъура ногIаша, гIумкаша, оьрсаша, гIалагIазкхаша а, туркоша а. Иза цкъа а дицдийр дац нохчийн халкъо», – элира министра.
Цул тIаьхьа, Нохчийн Республикин Парламентан депутатийн корпусан цIарах вистхилира Нагаев Iадлан. Цо баркалла элира Умаров Джамбулатана а, Хьалха-Мартан кIоштан администрацин куьйгалхочунна Абдурашидов Валидана а вайн республикин халкъашна юкъахь барт-марзо чIагIъеш фестиваль вовшахтохарна.
«Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана даима а тидамехь латтадо вайн республикехь дехачу халкъийн барт, цхьаалла чIагIъяран гIуллакх. Оцу декъехь а, вайн республика кхечу регионашна масална яло хьакъ ду», – элира депутата.
Хьалха-Мартан кIоштан администрацин куьйгалхочун заместитела Мустаев Мовсара элира: «Тхуна хазахета Нохчийн Республикин халкъийн культурин а, искусствон а фестиваль Хьалха-Мартан кIоштахь дIахьош хилар. ХIара санначу фестивалаша а, конкурсаша а доккха гIо-накъосталла до халкъийн культураш вовшашна йовзийта а, нахана юкъахь барт-марзо кхолла а».
Умаров Джамбулата Сийлаллин грамоташ елира Хьалха-Мартан кIоштан дешаран а, могашаллаIалашъяран а, культурин а дакъошкахь дукха шерашкахь къахьегначу Гадаева Аллина, Копылова Валентинина, Кузьмичкина Аллина, Кучиева Венерина. Тахана а юкъараллина пайда бохьуш къахьоьгуш бу уьш.
Фестивалан официальни дакъа дIадирзинчул тIаьхьа, вайн республикехь йолчу культурин туьшаша шаьш кечйина музыкальни программаш гайтира.
Фестивалан дакъалацархойн а, хьешийн а къаьсттина самукъадаьккхира «Нохчо» ансамблан солисткас Парсанова Таисас.
Цо лекхначу Герман Аннин, Ротару Софиян эшарша шатайпа хазйинера фестиваль.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Авторан суьрта тIехь: фестивалан мIаьргонаш
№59, шинара, хьаьттан (август) беттан 7-гIа де, 2018 шо