Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентах, Россин Турпалхочух лаьцна сайн денанас а, дас а дуьйцуш хезначун хьокъехь ала лаьа суна. Сан ирс ца хилла иза ган а, вовза а. Делахь а, цуьнан беркат-м кхаьчна соьга: маьрша Нохчийчоь.

Тхан баккхийчара дийцарехь, терроризмана а, вахабизмана а дуьхьал тIемаш дIахьочу хенахь, вайн ярташ а, гIаланаш а денна йохош яра, хIаллакбеш бара маьрша нах, бIеннаш нах тIепаза байнера. Нохчийчохь Iойла цахиларна, шайн доьзалшца цхьаьна Россин кхечу регионашка а, дозанал арахьарчу мехкашка а дукха нах дIабахара. ЧIогIа хала мур бара республикехь хан яккха бисинчара токхуш берг.
Оцу хьолехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа шен халкъ а, мохк а балех, Iазапех хьалхадаккха гIаьттира. Дала ца нисдича, ишттаниг нислойла а дацара. Цо дерриге а халкъе кхайкхам бира. Iеламнах, Iилманчаш, къаной, сий-ларам болу нах вовшах а тоьхна, гулам бира, царах дагавелира. Царна хетачуьнга ладуьйгIира.
Массо а вара Нохчийчуьра тIом сацо безаш хиларх, къам кхин хьийзадайта йиш цахиларх кхеташ. Амма цхьа а вацара хьалхавала, халкъ шена тIехьа лаца бIобулуш. Цхьа а вацара цхьа Кадыров Ахьмад-Хьаьжа воцург. Цо шена тIелецира и беза мохь.
Дийнахь а, буьйсанна а синтем а, сацар а доцуш, шен халкъан дуьхьа къахьегна Ахьмад-Хьаьжас. Иштта олу тхан дас. Цо дийцарехь, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа бахьанехь юха а дозаллица яккха йолийна нохчийн халкъан цIе. Иза сийсазъян гIерташ дукха къиза зуламаш дина Нохчийчоьнан мохк хIаллакбан арабевллачу террористаша а, вахабиташа а.
Делахь а, церан хIу дайъа хьикмат а, ницкъ а, доьналла а хилира республикин хьалхарчу Президентан а, цунах а тешна, цунна юххе хIиттинчеран а.
Тхан денанас ма-аллара: «Валаза ца волу Дела Ша цхьаъ воцург». Ткъа Ахьмад-Хьаьжас дезачу гIазотехь Iожалла тIеэцна. Дала гIазот къобалдойла цуьнан!
Цо гайтинчу нийсачу некъаца дIадаха Дала пурба лойла вайна! И бахьана долуш маьршачу, денна кхуьуш йогIучу Нохчийчохь дехаш ду вай. Сан а, со санначеран а таро ю хазлуш лаьттачу вайн республикехь, де-дийне мел долу тхешан дахар тодан, дешарехь, къинхьегамехь кхиамаш баха, маьршачу Даймахкахь даха, цунах даккхийде.
Тхо даха деза Ахьмад-Хьаьжас а, цуьнан накъосташа а биллинчу сирлачу дахаран новкъахь беркате хIу а даржош.
АЛИМХАНОВ Мохьмад, Шелан кIоштарчу Гермачигара вахархо
№59, шинара, хьаьттан (август) беттан 7-гIа де, 2018 шо