Яхь йолчу къонахех цхьаъ

Пхийтта шо хьалха ма ца моьттура вайна хIокху кепара даха, даха-дахка, дийша-гIовтта паргIато хир ю. Вайна иза хилийта Дала Ахьмад-Хьаьжех (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) бахьана хIоттийра. Цуьнан куьйгаллица вайн халкъо терроризмана а, экстремизмана а тIехь толам а баьккхира, вайн дахар маршонан новкъа а дерзийра. И некъ цо дIаболош, турпала, яхь йолу кIентий улле хIиттира Ахьмад-Хьаьжина. Дела реза хуьлда царна массарна, шайн синош ца кхоош, вайн халкъ хIокху маршоне кхачош къахьегарна!

Ишттачу кIентех цхьаъ ву Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Гуьмсан кIоштан ведомствона юкъа ца догIучу гIаролан эпсар Дааев Iийса. Кхиамца, хьуьнарца шен белхан декхарш кхочушдеш ву иза. Цуьнан заместитела Ахмадов Лом-Iелас дийцира шайн белхан хьокъехь: «Карарчу хенахь ялхитта объект ларъеш ду тхо, тхан белхахой декхаршца ларош бу. Муьлххачу а балхахь кхиамаш хуьлу нагахь белхан накъостийн барт белахь. Ткъа барт-марзо йоьзна ю куьйгалхочун амалх, цуьнан ийманах. Дика мел дерг ду тхан куьйгалхочун амалехь».

Подполковникан Ахмадов Лом-Iелин къамелехь хаалора деган цIеналла, адамашца хьагI йоцу юкъаметтигаш, шен балхана тIера а, хьакъ а хилар. Адамийн уггаре а лакхара дарж – иза ша а, халкъ а маьрша хилар хета суна. Тахана иштта хьал ду вайн махкахь. Цундела вайн бахархошка, къаьсттина кегийрхошка, ала луур дара суна: «Харц къамелех а, дегIана зуламе долчух а ларло. Тахана машаран новкъа вайн халкъ а, мохк а буьгуш, доггах къахьоьгуш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цуьнан накъостий хилла, кхин а жигара къахьега деза вай. Пхийтта шо хьалха дагахь а ма дацара вайн мохк иштта зазадаьккхина, хазбелла, дIахIуттур бу бохург. Нохчийн халкъ а, мохк а шена дукхабезаш хиларна, Кадыров Рамзана дуьненан ялсамане а йина, дIахIоттийна вайн мохк. Цуьнан накъост волчу Дааев Iийсас, цуьнан белхан накъосташа яьккхина хан эрна цахилар хаьа суна», – элира Лом-Iелас.

ТIеман кхерам гергагIоьртинчу хенахь махкара дIабахара цхьаберш, ткъа шайн Даймахкахь бисинарш шайн а, кхечеран а синош лардан арабевлира. Оцу хенахь вайн мехкан а, халкъан а дахар лардан арабевллачарех ву Дааев Iийса а, цуьнан накъостий а. Шайн дахар а ца кхоош, мехкан дуьхьа шайн синош дIадала кийча лаьтта уьш.

Кхерам болчу меттехь, юха ца бовлуш, къахьоьгу цара. Масане, хала киртиг тIехIутту царна, делахь а, уьш кхиамца царах чекхбовла хьуьнар кхочуш бу. Лом-Iелас кхидIа а дуьйцура: «Тхан отделехь болу белхахой, цхьаъ санна, массо а тешаме, хьанал, доьналла долуш, хIара вукхул гIоле ву аьлла, къасто йиш йоцуш бу. Шайна тIедиллина гIуллакх, ледарло а ца еш, чекхдоккху цара».

Белхалойн лаамашка ладоьгIуш, шен ницкъ кхочучу барамехь церан аьтто бан гIерташ, церан сий-ларам а, тIалам а беш схьавогIу Дааев Iийса. Шен цIе яхккха хьакъ ву Тимиралиев Чингисхан, Хаджимурадов Iела, Ахмадов Iабдулла, кхиберш.

Дааев Iийсах дийца дуккха а ду. Шен 16–17 шо долуш дуьйна Ахьмад-Хьаьжина юххехь хилла. Башха амал йолуш ву иза. Белхахочун гIалат Iора ца доккху, мелхо а хьехамца гIо до нисвала, юха гIалат ца далийта. Комаьрша а, накъостех дог лозуш а ву. Шен ма-хуьллу накъостийн хьашташ кхочушдан гIерташ хуьлу иза. Ша динчу гIуллакхна шена баркалла аьлча, ша динарг кIезиг хIума ду, и гIуллакх дан аьтто бинчу Кадыров Рамзанна алийша баркалла, олу цо.

«Рамзан вайн хенара бен вац. Цо массо а агIор ваьшна гIо деш хилча, деша ваха луург деша вохуьйтуш хилча, белхан меттигаш луш хилча, дай-наной хьоьстуш хилча, цIа доцчунна цIа луш хилча, берийн дог совгIаташца хьостуш хилча, суна Ахьмад-Хьаьжин новкъахь, Рамзанна накъостий а хилла, вай чекхдовла лаьа», – элира Лом-Iелас.

УСУМОВ Яхьъя

Суьрта тIехь: Дааев Iийса

№59, шинара, хьаьттан (август) беттан 7-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: