Муха тIекхетар ю пенсе воьду хан?

Пенсе бахаран хан 2019–2028-чуй шерашкахь божаршна а, 2019–2034-чуй шерашкахь зударшна а тIекхетарг хиларан хьокъехь хаам бо Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехь йолчу отделенин пресс-службо. Цуьнца нийса а догIуш, божарий пенсе бахаран хенан мур 10 шаре болу, ткъа «зударийн» мур – 16 шаре.

Россин Федерацин бахархой пенсе бахаран хан тIетохар, уггаре а хьалха, 1959-чу шарерчу божарех а, 1964-чу шарерчу зударех а хьакхалур ду. Оцу шарахьлера бахархой, юкъан муьран лехамашца нийса а догIуш, 2020-чу шарахь пенсе гIур бу – божарий 61 шо долуш, зударий 56 шо долуш.

Кхузахь дагадаийта догIу лакхахь хьахийна болу хийцамаш Россин Федерацин къинхьегаман а, социальни лардаран а министерствос кеч а йина, Россин Федерацин Правительствос Россин Федерацин Пачхьалкхан Думе дIаелла а, Пачхьалкхан Думо къобалйина а йолчу федеральни законан проектаца богIуш хилар. Иза «Пенси хIотторан а, дIадаларан а хьокъехь йолчу Россин Федерацин законодательни цхьайолчу акташна юкъахь хийцамаш баран хьокъехь» йолу законопроект санна евзаш ю россихошна.

Оцу законопроектан гIоьнца Россин куьйгалла лерина ду бахархой пенсе бахаран хан лакхаяккха: хIинццалц 60 шо кхаьчча пенсе воьдуш волу боьрша стаг 65 шо кхаьчча пенсе вахийтар а, 55 шо кхаьчча пенсе йоьдуш йолу зуда – 63 шо кхаьчча.

Нагахь санна и законопроект Россин Федерацин Президента къобалъяхь, хийцамаш дIаболор бу 2019-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна.

И.ИСЛАМОВ

№59, шинара, хьаьттан (август) беттан 7-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: