Иштта ю товбецан (сентябрь) баттахь Москвахь дIахьонйолчу Ерригроссин вокальни конкурсан IV-чу муьран цIе. Иза Федеральни «Звезда» телеканало дIакхайкхийна ю.
Хууш ма-хиллара, вай хьахийна конкурс музыкин къийсадаларийн исторехь дуьххьарлераниг ю, дакъалоцуш Россин 85 регионера артисташ болуш. Конкурсан хIора а дакъалацархочо шен регионан цIарах йиш локхур ю.
ХIокху шарахь Нохчийн Республикин цIарах «Керла седа» конкурсехь дакъалоцуш ву Нохчийн Республикин, ГIалгIайн Республикин халкъан артист, Нохчийн Республикин искусствон хьакъволу гIуллакххо Дудаев Зеламха куьйгаллехь волчу I.Шахбулатовн цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан филармонин божарийн «Илли» ансамблан солист Сельмурзаев СаьIид.
Билгалдаккха деза Сельмурзаев СаьIид «Илли» тобанан солист хиларал сов, «3D» КВН командин дакъалацархо, КВН-н ХV-чу фестивалан Россин Турпалхочун, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу коьртачу кубкан совгIатхо а хилар.
Ерригроссин «Керла седа» вокальни IV-чу муьран конкурсан трансляци товбецан (сентябрь) баттахь хир йолуш ю.
З.САГАЕВА
№59, шинара, хьаьттан (август) беттан 7-гIа де, 2018 шо