Республикин кожни-венерологин диспансерехь ВИЧ/СПИД-н цамгарш бахьанехь нисло проблемаш а, оцу цамгаршца доьзна мел дерг а лоьрашна довзийтаран Iалашонца цхьаьнакхетар хилира.

Вайн заманахь могIарерчу нахана девзаш цахиларал сов, цхьаболчу медицинин белхахошна а хууш ца хуьлу ВИЧ/СПИД цамгарш (инфецеш) дIасаяржаран некъашна дуьхьало яр вайн массеран юкъара гIуллакх хилар.
Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон СПИД-ца къийсам латторан а, профилактика яран а Республикин туьшан говзанчас Абдулкадырова Алинас билгалдаьккхира: «СПИД-ца къийсам латторан а, профилактика яран а Iилманан-методикин туьшан куьйгалхочо В.Покровскийс дийцарехь, вайн медицинин юкъаралла кийча ца хилла ВИЧ инфекци йолу нах де-дийне алсамбовлуш хиларна. Лоьрийн ВИЧ-инфекцех долу хаарш кIезиг хиларна, царах муха ларбала беза ца хаьа. Цундела ВИЧ-инфекци больници чохь, медицинин белхахоша шайн бехкенна дIасаяржош меттигаш а хуьлу. ВИЧ/СПИД йолчу нахах къехкаш, церан бакъонаш талхош а хуьлу лоьраш».
Вай лакхахь юьйцу цамгарш тIейовлар, дIасаяржар муха нислуш ду хууш хила беза лоьраш. СПИД кхийолу цамгар санна тIейолуш яц. И йолчуьнга маршалла хаттарх, салам даларх тIейолуш яц. СПИД йолчунна операци йина гIирсаш, цунна тоьхна мехий ду кхечарах лардеш дIакхийса дезаш. Иштта, цIий доттале хьалха цунна ВИЧ-вирус ю яц а къасто деза.
Говзанчаша оцу цхьаьнакхетарехь билгалдаьккхира, хIора стаг ша ву шена и цамгар тIецаялийтарна жоьпалле хила везаш. Хаарш хиларой, ларлуш хиларой кIелхьаравоккхур ву СПИД цамгар тIеяларх.
Цхьаьнакхетар дерзош МогашаллаIалашъяран министерствон коьртачу дерматолога, республикин кожни-венерологин диспансеран заведующис Нашхоев Мохьмада баркалла элира СПИД-ца къийсам латторан а, профилактика яран а республикин туьшан говзанчашна шайн хаарш тIедузуш чулацаме цхьаьнакхетар дIадахьарна.
З.ЦЕНТЕРОЕВА
№59, шинара, хьаьттан (август) беттан 7-гIа де, 2018 шо