Робототехникин а, «Tehno-START» керлачу технологин а дуьххьарлера фестиваль дIаяьхьира Соьлжа-ГIалахь.
Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу Федеральни агентствос а, Нохчийн Пачхьалкхан Университето а, Соьлжа-ГIалин М.Миллионщиковн цIарахчу пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университето а, «Eldron» компанино а вовшахтоьхнера и фестиваль. Цигахь дакъалоцуш бара Нохчийчоьнан ВУЗ-ра студенташ а, берийн (кхиазхойн) «Кванториум» технопаркан дешархой а.
Цхьаьнакхетар дIадолош вистхилира оцу университетан Iилманан балхехула а, инновацешкахула а волу проректор Гайрбеков ИбрахIим. Цо элира: «Технологехула шайн корматалла кхиош болчу кегийрхойн могIарш вайн махкахь де дийне мел долу алсамдовлуш ду. Вайн кегийрхоша къаьсттина тIаьхьарчу шерашкахь технологехула а, программированехула а йолчу Россин дуккха а конкурсашкахь а, фестивалашкахь а дакъа а лаьцна, толаман меттигаш а яьхна. Россин кхечу регионел хIумма а тIаьхьаюьсуш яц Нохчийчоьнан лаккхарчу дешаран хьаьрмаш. КIорггера хьекъал долу студенташ схьа а къастабой, Iилманан-талламан белхашкахула а, социальни-экономикехула а, инженерни технологехула а хин болу говзанчаш кхиабо оха. Уьш, аьлча, шу вайн республикин кхане ю».
Фестиваль вовшахтоьхначара дакъалацархошца пленарни сесси дIаяьхьира. Цул тIаьхьа, къоначу технологаша-инженераша, гайтаме ехкинчу проектех лаьцна дийцира, иштта ян леринчу керлачу проектех лаьцна а дийцира цара.
Гайтаме ехкинчу проекташна юкъахь массеран бIаьрг тIехIуттуш яра Нохчийн Пачхьалкхан Университетан технопаркан «HyPerFormance» проект а, «Кванториум» технопаркан «Хьекъале цIа» проект а. Стратегин дIадолорийн агентствос хьалхара проект кхочушъяр шена тIелецира.
ВЕГИЕВА Макка
Авторан суьрта тIехь: фестивалан дакъалацархой
№59, шинара, хьаьттан (август) беттан 7-гIа де, 2018 шо