Комиссин кхеташо хилира

Вайн регионехь адамаш кхалхар лахдаран а, бераш дуьнен чу довлар лакхадаккхаран а гIуллакхаш кхочушдаран ведомствошна юкъарчу лерринчу комиссин кхеташо хилира Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствехь.

2018-чу шеран 6 беттан жамIаш деш гучудолу боккха болх дIабаьхьна хилар. Медицинин белхахошна, лоьрашна лерина семинараш, тренингаш йина, бахархоша диспансеризаци яйтар мехала хилар, дуьйцуш, белхаш а бина.

Шайн балхахь нислучу халонех а, кхиамех а лаьцна дийцира республикин могашаллаIалашъяран министерствон штатехь йоцчу коьртачу пульмонолога Мовсарова Розас а, коьртачу гинеколога Тарамова Луизас а.

Цара шайн къамелашкахь билгалдаьккхира вайн республикехь адамаш кхалхар лахдаран а, бераш дуьнен чу довлар лакхадаккхаран а Iалашонца дIахьош болу болх коьртачех цхьаъ хилар.

Оцу декъехь кхиар хаалуш хиларх а, дIадаханчу шерашкахь хиллачуьнца дуьстича, сурт дикачу агIор дуккха а хийцаделла хиларх а лаьцна элира.

Комиссин декъашхошна довзийтира ВИЧ–инфекцица вайн регионехь долу эпидемиологин хьал. Республикин могашаллаIалашъяран министерствон СПИД-ца къийсам латторан а, профилактика яран а республикин туьшан коьртачу лоьро Муртазалиев Хьамзата доклад йира цу хьокъехь.

Шайн туьшо дIахьочу профилактикин балхах лаьцна дуьйцуш, цо билгалдаьккхира дешаран керла шо дIадоладарца шайн туьшан говзанчаша и болх кхин а жигарабоккхург хилар.

З.ХИЗИРОВА

Суьрта тIехь: комиссин кхеташонан дакъалацархой

№59, шинара, хьаьттан (август) беттан 7-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: