Пенсе воьду хан лакхаяккхар массарах а хьакхалур дац

«Пенсеш хIитторан а, уьш дIадаларан а гIуллакхашкахула долчу Россин законодательни цхьацца долчу акташна юкъа хийцамаш балоран хьокъехь» йолу федеральни законан проект федеральни Правительствос къобалйира асаран (июнь) беттан 14-чу дийнахь. Иза кечйина Россин къинхьегаман а, социальни ларбаран а министерствос.

И законопроет тIехьажийна ю, тIекхаьчча, къанваларна страховой пенси хIоттон долу хан, муьрашка екъна, лакхаяккхарна.

Федеральни законан проектаца нийса а догIуш, пенсе воьду хан лакхаяккхар билгал ца до къинхьегаман зене, хала хьелаш долу белхаш бечу гражданех (кIоран декъан шахтийн, аьргалла йоккхучу промышленностан, босболчу а, Iаьржачу а металлургин, аьчганекъан декъан, иштта, шайх олуш йолчу «жимачу спискашна» юкъабахийтинчу кхечу белхалойх) а, социальни хьелашна тIедоьгIна страховой пенсеш хIиттийначу а, ткъа иштта, радиацин Iаткъам хиллачу гражданех а.

Пенсе воьду хан лакхаяккхар билгал ца до:

1. Зене а, кхераме а хьелаш долчу белхан меттигашкахь белхаш бечу, къинхьегаман хьелийн леррина мах хадоран жамIашкахула хIитточу хьокъала йоллучу тарифашца стрховой ахчанаш болх луш волчо шайна пайда хилийтарна дIалуш болчу гражданашна:

– лаьтта бухарчу белхашкахь, къинхьегаман зене хьелаш долчу белхашкахь, йовхачу цехашкахь белхаш бечарна (божарий а, зударий а);

– кIадидаран промышленностехь сиха а, беза а белхаш бечарна (зударий);

– экспедицешкахь а, партешкахь а, тобанашкахь а, дакъошкахь а, бригадашкахь дуьххьалдIа геолого-талларан а, лахаран а, топографо-геодезин а, гидрографин а, гидрологин а, хьаннаш деборан а, талларан а белхашкахь болчарна (божарий а, зударий а);

– юьртан бахамехь, экономикин кхечу дакъошкахь болчу трактористашна-машинисташна а, ткъа иштта гIишлошъяран а, некъан а, тIейоттаран-охьаяссоран машенийн машинисташна а (зударий);

– механизмийн, гIирсийн хьашташ кхочушдар юкъа а лоцуш, хьун хьакхарехь, иза хица охьаяхьийтарехь белхаш бечу белхалошна а, пхьерашна а (божарий а, зударий а);

– хаддаза гIуллакх деш йолчу гIалин пассажирийн маршруташкахь белхаш бечу автобусийн а, троллейбусийн а, трамвайн а водительшна (божарий а, зударий а).

2. Социальни хьелашна а, могашаллин хьолана а тIедоьгIна пенсе ваха хIоттийначу хенал хьалха пенси хIоттош долчарна, ша аьлча:

– пхиъ а, цул сов а бер динчу а, церан 8 шо кхаччалц уьш кхиийначу а зударшна;

– жималлехь дуьйна заьIап бераш церан 8 шераш кхаччалц уьш кхиийначу дай-нанойх цхьанна (божарий а, зударий а);

– бераллехь дуьйна заьIап долчеран верасашна я церан 8 шерш кхаччалц уьш кхиош верасаш хилла лаьттинчарна (божарий а, зударий а);

– шиъ а, цул сов а бер динчу зударшна, нагахь Йистерчу Къилбаседан меттигашкахь я цаьрга нисйинчу меттигашкахь белхаш бина хиларан хьокъехь цунна оьшуш йолу страховой стаж елахь;

– тIеман гIуллакхашкахь чевнаш а йина, заьIап хиллачарна (божарий а, зударий а);

– бIаьрса бахьанехь 1-чу даржан заьIапалла хIоттийначу заьIапхошна (божарий а, зударий а);

– гипофизарин нанизм цамгар (лилипуташ) долечу гражданашна а, диспропорциалин карликашна а (божарий а, зударий а);

– Йистерчу Къилбаседан меттигашкахь, цаьрга нисйинчу меттигашкахь хаддаза бехаш болчарна а, сайшлелорхойн а, чIерийлецархойн а, таллархойн-промысловикийн белхаш бинчарна а (божарий а, зударий а).

3. Радиацин я техногенни бохам хилар бахьанехь, цу юкъахь Чернобылан АЭС-хь бохам хилар бахьанехь зенаш хиллачарна.

4. Летно-зеран составехь, дуьххьалдIа зеран а, серийни а авиацин а, аэрокосмосан а, хIаваэхь леларан а,
парашютно-десантин техникина летни зераш дарехь (талламашкахь) белхаш бинчарна а (божарий а, зударий а).

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: