ХIинццалц ца хиллачу кепара йовхо латтар бахьанехь, йокъана а хIоьттина, аренашкара дукха ялта хIаллакьхилла Нохчийн Республикехь. Цу хьокъехь къамел хилира хIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, Нохчийн Республикин юьртан бахаман министран Дадаев Мусан а.

«Вайна ма-хаъара, кху шеран аьхкенан юьххьехь Нохчийн Республикин 11 кIоштахь чрезвычайни хьолан раж юкъаялийнера, хIинццалц хилла йоцчу кепара йовхо хIоттар бахьанехь. Йовхоно а, догIанаш цахиларо а юьртан бахаман латтанаш тIехь дIадийна дукха ялта хIаллакдина. Юьртан бахаман сурсаташ кхиочарна хилла зен меттахIотто хIун дина аш, хIун жамIаш ду аш диначун?», – хаьттира Кадыров Рамзана.
М.Дадаевс билгалдаьккхира Правительствон комиссис маххадорехь 1 миллиард 900 миллион соьмана зен хилла хилар.
«Кечдан ма-доггIу акташ а кечдина, Россин Федерацин юьртан бахаман министерстве дIадахьийтина кехаташ хIинца толлуш ду. ХIинцале тIечIагIдина республикина 1 миллиард 318 миллион сом билгалдоккхург хилар, дисинчу ахчанан хьокъехь хIинца а дагадовлуш ду», – элира цо.
Дадаев Мусас, иштта, билгалдаьккхира хенан хIоттам бегIийла цахиларе хьаьжна доцуш, Нохчийн Республикин юьртан бахаман министерствон карарчу муьрехь 310 эзар тонна ялта гулдан а, Россин юьртан бахаман министерствон «Iалашонан индикатор» кхочушъян а аьтто баьлла хилар.
«310 эзар тонна ялта гулдина вай, иза Россин Федерацин юьртан бахаман министерствос хьалха хIоттийначу Iалашонал а 40 тонна алсам ду. ДIадаханчу шарахь гулдинчул а 110 эзар тонна кIезиг-м ду иза, делахь а, хенан хIоттам бегIийла ца нисбеллехь а, Iалашо кхочушъян ницкъ кхаьчна вайн», – элира министра.
Республикин Куьйгалхочо беркате болх барна баркалла элира Дадаев Мусана. Иштта, тIедогIучу шарахь ялта дIадер ма-хуьллу эвсара, меттигера Iалам а, хенан хIоттаман хьелаш а тидаме а оьцуш дIадахьар тIедиллира цо.
«Нохчийн Республика кхиорехь коьрта долчу дакъошна юкъахь ю агропромышленни комплекс. Цу декъехь вай гIуллакхашдар бахьанехь, республикин юьртан бахаман гайтамаш, планаца нийса а догIуш, лакхабевлла. Юьртан бахаман сурсаташ кхиор кху шеран хьалхарчу эхашарахь 7 процентана алсамдаьлла вайн. Со тешна ву Нохчийн Республикин юьртан бахаман министерствос кхидIа а иштта дика болх бийриг а, агропромышленни комплекс керлачу тIегIане йоккхург а хиларх», – элира Р.Кадыровс.
А.ВАХАЕВА
№60, пIераска, хьаьттан (август) беттан 10-гIа де, 2018 шо