Сийлахьчу Макка а, нуьречу Мединате а

АллахI-Дала бусалбанашна тIедехкинчу фарзех цхьаъ – хьаьж дар – кхочушдан новкъа яьлла хIоккху деношкахь Нохчийчуьрчу бусалбанийн хьалхара тоба.

Хьалхарчу кеманахь «Грозный» аэропортера дIаваханарг 174 стаг ву. Кема хIинцале нуьречу Мединатерчу аэропорте охьадоьссина. Хьаьж дихкинчеран хьашташ кхочушдан леррина къастийначу аьхначу автобусашкахь сийлахьчу Макка дIагIур бу уьш цигара.

ХIокху шарахь вайн республикерчу 2 600 стеган аьтто хир бу хьаьж дан. Нохчийчоьнан пачхьенера Мединате 15 рейс йийр ю. Кеманашца бен хIокху шарахь гIур а бац оцу езачу меттигашка вайн регионера бусалбанаш. Хьаьжошна аьтто беш, царна хьаьжцIенна а (Маккахь), Ровзатана а (Мединатехь) уллерчу хьешацIеношкахь меттигаш нисйина.

ХьаьжцIа йоьдуш йолчу хIора а тобанна хьалхабевлла, езачу меттигашкахь дан дезарг хьоьхуш Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллин векалш хир бу. Иштта, хьаьжойн могашаллина тIехь терго латтош, массо а тобанца лоьраш а хир бу.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Mylisory-хь йолчу шен агIонехь хьаьжойн хьаьж къобалхуьлийла, иза кхочушдарехь церан могашалла хуьлийла а, ийман чIагIлойла а шена лууш хилар дIа а хаийтина. Цо иштта билгалдаьккхина Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондан президент Кадырова Аймани бахьана долуш, хIокху шарахь 300 гергга стеган хьаьж дан таро хилла хилар.

«Уьш гIийла-миска нах а, ткъа иштта, террористашна дуьхьал дIахьочу къийсамехь чевнаш хилла бакъонашларъяран органийн белхахой а бу. АллахI-Дала диканца бекхам бойла цунна цо деш долчу дикачу гIуллакхашна а, оьшучарна гIо дарна а, церан терго ярна а! Шайн ийманехь сов бохийла вайн хьаьжой, Дала могашалла лойла царна. Веза а, Сийлахь а волчу АллахIа жоп лойла церан доIанашна!», – яздина Кадыров Рамзана.

Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службехь.

Д.АНАДЕВ

№60, пIераска, хьаьттан (август) беттан 10-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: