Республика социально-экономикин кхиорехь гIо-накъосталла дийр ду «Сбербанко»

ХIокху деношкахь Нохчийчоьнан Премьер-министр Хучиев Муслим цхьаьнакхийтира Акционерийн «Сбербанк» юкъараллин Къилба-Малхбузерчу банкан председательца Титов Евгенийца.

Цигахь дийцаре дира республикин экономикин коьртачу дакъошна банко гIо-накъосталла даран а, иштта, социальни инфраструктура кхиорехь а, эквайринг юкъаялорехь а, «пачхьалкхан-совдегархойн» бизнес кхиорехь а гIолацаран а гIуллакх.

«Къилба-Малхбузера банк Къилбаседа Кавказерчу тайп-тайпанчу субъекташкахь яккхий проекташ кхочушъярехь зеделларг долуш хилар хууш ду тхуна. Цундела, Нохчийн Республикехь инвестицийн коьрта проекташ кхочушъярехь банкан дакъалаца лаам бу-бац хьажаран Iалашонца, оха тхайн коьрта проекташ а йовзийтина. И проекташ мехала а, коьрта а хилар доьзна ду, уьш, 2025-гIа шо кхаччалц йолчу ханна Нохчийчоь социально-экономикин декъехь кхиоран стратеги кхочушъярехь коьртачарах хилар», – билгалдаьккхира Хучиев Муслима.

Шен къамелехь Акционерийн «Сбербанк» юкъараллин Къилба-Мулхбузерчу банкан председатела Титов Евгенийс билгалдаьккхира керла предприятеш а, цуьнца цхьаьна, белхан керла меттигаш а нисъяран декъехь йолчу тайп-тайпанчу проекташна экспертиза ярехь шайн банк доккха зеделларг долуш хилар.

«Инвестицийн проекташ кхочушъярехь а, царна анализ ярехь а банк-эксперт ларалуш ю «Сбербанк», хIунда аьлча, тайп-тайпанчу дакъошкахь, еххачу ханна лерина финансировани ярехь, цуьнан доккха зеделларг ду. Цул сов, тайп-тайпанчу проекташна лерина йолу шен реестр а ю банкан. Оцу реестрана юкъахь йолчу проекташна финансийн декъахь гIо-накъосталла дина ца Iаш, царна моделаш кечъяран декъехь а гIо дан кийча ю банк», – дийцира Къилба-Малхбузерчу банкан председатела.

Кхузахь билгалдаккха догIу Нохчийчохь «Сбербанкан» урхалла а, 12 офис а, иштта, тайп-тайпанчу гIаланашкахь а, ярташкахь а 193 терминал а, банкомат а хилар. Цул сов, кредиташ эцна болчу республикин бахархойх, 48 процент кредиташ «Сбербанкехь» эцна бу.

И.ИСЛАМОВ

№60, пIераска, хьаьттан (август) беттан 10-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: