Нохчийн Республикехь чаккхене доьрзуш ду буьртиган ялта чудерзор. Аьхкенан муьрехь республикехь хIинццалц хуьлучу барамал сов йовхо латтар бахьанехь, дIадийначу ялтин дукхахдолчу декъана йокъана хIоьттина. Цу хьокъехь хаам бира Нохчийн Республикин юьртан бахаман министерствон Ораматашлелоран, ораматашна химизаци яран, уьш лардаран департаментан директора Шамурзаев Мохьмада.
«Республикехь хIинццалц ца хуьлучу кепара тIехйовха хилар бахьанехь, бIаьстенан ялташ дIадийначу аренашкахь (дукхахйолчу меттигашкахь) йокъана хIоьттина. 262,7 эзар гектар майданахь дIадийначу ялтех (маьлхан хIуш, сула, мукх, хьаьжкIаш, шекаран буракаш) 40 процент сов хIаллакьхилла», – дийцира департаментан директора.
Республикин юьртабахаман организацешна а, ахархойн-фермерийн бахамашна а зен хилла. М.Шамурзаевс дийцарехь, хиллачу зенан хьокъехь йолу ерриге а материалаш Россин Федерацин юьртан бахаман министерстве дIахьовсийна, юьртабахаман сурсаташ кхиочарна хилла зен меттахIотторан гIуллакхаш кхочушдайтаран Iалашонца.
Кенан ялта гулдина 110 эзар гектар лаьтта тIера. Цхьана гектара тIера 24,3 центнер а гулдеш, гулдинарг дерриге а 268,7 эзар тонна ялта ду. ДIадаханчу шарахь гулдинчул а дуккха а кIезиг ду иза.
Нохчийн Республикехь тIаьхьарчу 20 шеран гайтамашка хьаьжча, уггаре а дукха ялта 2017-чу шарахь гулдинера. ХIетахь гулдинарг дерриге а 424 эзар тонна дара.
А.СУЛИМАНОВА
№60, пIераска, хьаьттан (август) беттан 10-гIа де, 2018 шо