Хьаьттан баттахь а дIалур ю ЕГЭ

Пачхьалкхан юкъара экзамен дIаяла езачийн заявленеш схьаоьцуш ду хьаьттан (август) беттан 6-чу дийнера 20-гIа де тIекхаччалц.

Дешаран урхаллашкахь регистраци ян билгалйинчу меттигашкахь схьаоьцуш ду заявленеш. Иштта хаамбо Рособрнадзоран официальни сайта тIехь.

Хьаьттан баттахь экзаменаш дIаяла лаам болчеран заявленеш схьаэцна девлча, товбецан баттахь дIаялар массарна а тIедиллина йолу базови тIегIанан математикехула а, оьрсийн маттехула а йолу ши экзамен дIалур ю. Оьрсийн меттан экзамен товбецан 4-чу дийнахь, базови тIегIанан математика товбецан 7-чу дийнахь, оьрсийн мотт а, базови тIегIанан математика а товбецан 15-чу дийнахь дIалур ю.

ЕГЭ товбецан баттахь дIаяла бакъо ю жамIийн пачхьалкхан аттестацех чекх ца бевллачу 11-чу классийн дешархойн я шина предметехула дIаяла езачу экзаменашна баллаш лахара нисъеллачийн.

2018-чу шеран арахецархойн а, дIадаханчу шерийн арахецархойн а (юкъарчу дешаран аттестаци схьаэцначеран) шайн баллаш лакхаяхархьама экзаменаш дIаяла бакъо луш яц товбецан баттахь.

З.ХИЗРИЕВА

№60, пIераска, хьаьттан (август) беттан 10-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: