Футболах ловзаран Россин премьер-лигин чемпионатан хьалхарчу турехь Дона-тIерачу-Ростовехь меттигерчу «Ростов» командица хиллачу цхьаьнакхетарехь жамI 0:1 долуш, эшна йолу Нохчийчоьнан «Ахмат» команда хьаьттан (август) беттан 5-чу дийнахь шен цIахь толам баккха чIогIа лууш яра «Енисей» командица хиллачу матчехь. Иза гуш дара цхьаьнакхетаран хьалхарчу миноташкахь дуьйна.
Амма хьеший а бацара эша дагахь баьхкина. Кхул хьалха хиллачу матчехь жамI 0:2 долуш эшнера уьш Санкт-Петербургерчу «Зенитал». Цундела тIекIал шозза эшар футболистийн а, церан тренерийн а Iалашонашца догIуш дацара. Цуьнга хьаьжжина ирачу къовсамехь дIадоладелира цхьаьнакхетар. «Ахматан» футболистийн тIелатарш дика вовшахтоьхначу дуьхьалонашца юхатухура Красноярскерчу футболисташа.
ТIеттIа лакхайолуш яра соьлжагIалахойн жигаралла. ЦхьамогIа меттигашкахь хаалора вайн футболисташца «Енисейн» защитникаш ларош цахилар. И бахьана долуш ловзаран бакъенаш талхор алсамделира. Иштта, «Ахматерчу» Беришица лара а ца вина, можа кехат гайтарца гIуда туьйхира «Енисейрчу» Гасановна.
Дукха хан ялале, ма-дарра аьлча, матчан 45-чу минотехь юха а кIоршаме ловза дийзира Гасановн оццу Беришина дуьхьал. Реферис иза тидамза ца дитира, цIен кехат а гайтина, майданара дIаваьккхира иза.
ШолгIа тайм а, хьалхарниг санна, жигара дIайолийра «Ахмато». ХIинц-хIинца гол туху аьлла хетара. Иштта хила а хилира. О.Ивановс геннара чIогIа тоьхна буьрка ца лацаелира «Енисейн» кевнахочуьнга. Олуш ма-хиллара, лацалур йолчу буьрканах яцара иза кевнан лакхарчу соне тоьхна хиларна. Цул тIаьхьа «Ахматан» футболисташа лахдира шайн тIелатарш. Хьалха хилла жигаралла а ца хаалора.
Цхьана маьIIаргонна цунах пайдаоьцура «Енисейн» футболисташа. Къаьсттина кхераме а, ира а дара цара матчан тIаьхьарчу миноташкахь дина тIелатарш. Делахь а, церан аьтто ца белира гол тоха. Цу тайппана, жамI 1:0 долуш толам баьккхира «Ахмат» клубан футболисташа.
Цара шайн рогIера цхьаьнакхетар хьошалгIахь «Арсенал» командина дуьхьал дIахьур ду хьаьттан (август) беттан 12-чу дийнахь.
С.ХАМЗАТОВ
№60, пIераска, хьаьттан (август) беттан 10-гIа де, 2018 шо