Малакова Хеда

Йина 1991-чу шарахь Хьалха-Мартан кIоштарчу Олхазар-КIотар юьртахь. Деша яхана шайн юьртарчу юккъерчу школе, 2009-чу шарахь иза чекх а яьккхина, оццу шарахь деша яхана Нохчийн пачхьалкхан университетан юридически факультете.

2014-чу шарахь цIечу дипломаца дешар чекх а даьккхина, караерзийна юристан говзалла.

Дуьххьарлера цуьнан говзарш зорбане евлла 2012-чу шарахь «Орга» журналехь.

Хедин цхьайолу байташ шун кхиэле йохку оха:

Хьомсара нана

Юха а хьо гича гIайгIанийн кхерчахь,
Хорамо садукъдой ехха со Iа.
ХIун хир ду, нана, хьан безамал мерза? –
Хьо йоцуш аьхка а хир дар-кха Iа.

Эсалчу бIаьргаш чохь гIайгIа хьан яйча,
Тешалахь, лозуш, сан дог деттало.
Цхьа кIеззиг там хилла, йоьлуш хьо яйча,
Сайл ирсе кхин адам ца хетало.

Даима тхан дуьхьа са дала кийча
Хуьлу хьо ца гайта хьайн берийн вуон.
Йоьжча а ницкъ боцуш цамгарца къийса,
Ойланехь тхо хьоьстуш туьйсу ахь гуо.

Ларамза тхоьгара цхьа гIалат доьжча,
Тхо восах лардан хьо хьодура схьа.
ХIетте а, гуттар хьо хир йолуш санна,
Хьоьца Iен дицлой, тхо доьлхура дIа.

Ткъа тахна къежъелла месаш хьан яйча,
Кхета со, лан дезарх кхолламан вуо,
Делахь а, кийча ю заманца къийса,
Кхин цкъа а марара ца хеца хьо.

Хилахьа, сан нана, цкъа мацах санна,
Елалой, екхалой даима хьо.
Комаьрша хьан куьйгаш сан юьхь тIе хьакхий,
Даггара къинтIера ялахьа хьо.

ЛадогIа аш соьга нийсархой, тахна,
Гуттар а тидамбеш ойла аш е.
Хьестийша вайн наной, шайн маракъовлий,
ХIун хаьа, хьостург дуй тIаьххьара де.

Ирсан кхаж

Безаман цIаналло дог-ойла хьаьстина,
Тешаман чIагIалло дог хьуна даьстина,
Кхаж баьлла яра-кх со ирс сайна къежа,
Дуй биъна дар-кха вай кхин некъ ца хержа.

Стиглара седарчий хьан сибтах тардина,
Массо а буса уьш ас цхьаллехь лардина.
ХIора сайн хаттарна цаьргара жоп лехна,
Ирс доьгIна со елахь, хьоьца и дехна.

Хьекъална пе бетташ, дагах дагйийлина,
Хьоьгара цатайнарг сайн сица къийлина,
Бакъдолчух тешале хьан бIаьргех тешна,
Маржа яI, хьуна-м со ца хилла эшна.

Сайн хилла шеконаш ас дагца къарйира,
Соьх кхета ца туьгуш нийсархой кхардийра.
Ас цIийца йоьттина безаман гIала,
Йиси-кха сан даг чохь хилла шех бала.

Хьоьх йолу массо а ойла дIайоьлина,
Беккъа цхьа син лазам сайн маракъевлина,
Маржа яI, биъна дуй ма къера хилла,
Ирсанна кхаж баьлларг-л, и-м со ца хилла.

Зорбане кечйинарг – З.ЛЕЧИЕВА

№60, пIераска, хьаьттан (август) беттан 10-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: