Зударшна хуьлучу онкологин цамгарех лаьцна дийцира

Республикин онкологин диспансерехь зударийн онкологин цамгаршна терапи ярх лаьцна дуьйцучу дискуссионни клубан кхеташо хилира. Хууш ма-хиллара, хIокху тIаьхьарчу хенахь онкологин цамгар бахьанехь кхелхаш дукха адамаш ду. Вайн республикехь къаьсттина яьржина и цамгар. ХIора юьртахь уггаре а къоначу, хазачу шерашкахь кхелхаш бу наной, зудабераш. И хьал лазаме хиларна вовшахтоьхнера Москварчу говзанчаша дакъалоцуш йолу дискуссионни клубан кхеташо.

Республикин могашаллаIалашъяран министра Сулейманов Эльхана бовзийтира кхеташонехь дакъалаца баьхкина Iилманчаш. Царна юкъахь вара Н.И.Пироговн цIарахчу Россин къоман талламан-медицинин университетан онкологин а, гематологин а, зIаьнарийн терапин а кафедрин доцент, профессор, медицинин Iилманийн доктор Жуков Николай, Россин Iилманийн Академин профессор, Москван А.Логинован цIарахчу клиникин Iилманан туьшан директоран онкологин декъехула йолу заместитель Жукова Людмила, Санкт-Петербургерчу И.Мечниковн цIарахчу медицинин университетан профессор, Н.Петровн цIарахчу онкологин Iилманан-талламан институтан онкогинекологин отделенин профессор Урманчеева Адель а.

Нохчийн Республикин онкологин диспансеран химиотерапин отделенин заведующи Мусаева Хеди яра нохчийн лоьрийн тобанна коьртехь.

Республикин могашаллаIалашъяран министра Сулейманов Эльхана хьеший бовзийтинчул тIаьхьа дош делира Жуков Николайна.

Дискуссин клубан кхеташо дIахьочу зала чохь йолчу проекторца гойтучу слайдашна тIе тидам бахийтар дийхира профессора. Россин Федерацехь онкологин цамгарх кхелхачу зударийн барам, некъан бохамашкахь кхелхачу адамийн бараме хьалакхаьчна хилар гайтира цо. Масала, 2015-чу шарахь онкологих кхелхинарг 23 052 зуда ю, ткъа некъан бохамашкахь 23 114 стаг кхелхина (вайн республикехь долу хьал гайтина дацара).

Профессора дийцарехь, Европехь 70-чу шерашкахь дуьйна кхочушъеш ю зударшна скрининг яран программа (зудаберашна шен хеннахь маммографин таллам байтар а, шарахь цкъа мукъане гинекологана тIекхачар а). Шайн могашаллина таллам байтарна сема бу европахой. Цамгар хилар хьалххе гучудаьлча, цунна дарба лелон а атта хуьлу бохура цо.

Зударша шайн могашалла ларъян езарх дуьйцура профилактикин балхах дерг Россин шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь кIезиг дуьйцуш я дийццане а дуьйцуш дац бохура профессора шен докладехь.

Скрининг программа шен хеннахь, онкологи 2–3–4-чуй тIегIанашка ца йолуьйтуш ян еза. Хими а, ян еза операци а дагахьбаллам хир боцуш, шен хеннахь яйтар ду коьрта. Мехала дерг – хан эрна цаяйъар.

Цул тIаьхьа доклад йира Жукова Людмилас. Цо дийцира кхузаманан медицинехь онкологина дарба даран керлачу некъех а, ткъа иштта, лоьраша дархошна дарба деш пайдаэца безачу керлачу методикех а лаьцна.

«Уггаре а хьалха онкологи йолчу зударшна диагноз нийса хIоттор ду коьрта. Цул тIаьхьа терапи яр ду коьрта. Царах доьзна хуьлу дархойн хьал», – элира Л.Жуковас.

Москварчу говзанчех дага а йолуш, вайн республикин онкологин диспансеран терапин отделенехь шаьш болх беш нислучу чолхечу меттигех лаьцна дийцира Мусаева Хедис.

ЦIе а ца йоккхуш масех зудчунна шаьш хIоттийначу диагнозах а, церан цамгарш дIаяхаран Iалашонца шаьш ечу химиотерапих а лаьцна дийцира цо. Профессора леррина ладуьйгIира цуьнга. Нохчийн лоьро деш хиллачу дарбанан хIора гIулч нийса а лерира.

Говзанчашна зеделлачух, Москвара а, Санкт-Петербургера а баьхкинчу лоьрийн-онкологийн хаарех боккха пайда ийцира оцу кхеташонехь дакъалаьцначу Нохчийн Республикин ерриге а кIошташкара бохург санна къоначу лоьраша (гинекологоша а, онкологаша а, терапевташа а). Оцу тайпа болх дIабахьар нохчийн лоьрашна оьшуш гIуллакх хилар гуш дара.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Авторан суьрта тIехь: дискуссин клубан кхеташо

№60, пIераска, хьаьттан (август) беттан 10-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: