«Долчуьнгахь ду, доцчуьнгара даккха а лур дац»

Масех шо хьалха ду… Вайн республикерчу зударийн лоьрах (цIарца ца юьйцур вай) статья язъян иза йолчу балха даханера тхо.

Да ву сан могаш воцуш, операци ян больнице охьавижийна.

Цунна тIаьхьа яха кечъелла яра со, цхьана мукъачу хенахь юха ган мегар дарий вай, – элира цо.

Дера мегар ду, Дала маршалла дойла шун дена, – аьлла, дIасакъаьстира тхо.

Масех де даьлча, юха а оцу лоьраца цхьаьна а кхетта, цунах лаьцна статья язйира оха. Цхьана дийнахь, шен дена больнице тIаьхьаяханчу цо, дийцина хиллера дега, иштта, шех лаьцна язъян баьхкина «Даймохк» газетера журналисташ бара, цаьрца къамел дина йогIуш ю ша аьлла.

«Дадин чIогIа самукъадаьллера», – бохуш, дуьйцура лоьро.

Денна хоттуш хилла цо йоIе: «Зорбане яьллий те и статья?».

Тахана санна дагадогIу: «Дешар, болх дIакхехьа а, доьзал кхио а, нохчийн нус хила а атта дац, хьо муха ларайо оцу дехаршца?», – аьлла, шега хаттар дича, цо (лоьро) жоп делира: «Шен диканах чекхволуш цхьа а вац, дуьйцуш товш дацахь а, оцу дерригенца со суо ларор яцара, сох кхеташ, суна дика накъост хилла схьавогIуш хIара (хIусамда) вацахьара», – жоп делира лоьро.

Иза иштта зорбане а делира. Цхьа хан яьлча, мухха а юха а цхьаьнакхетар нисделира оцу лоьраца. Оха хаьттира: «Дийширий шун дадас газет, хазахийтирий цунна статья?».

Ела а къежна, жоп делира лоьро: «ВаллахI, оцу газет тIехь айса хIара (лоьран хIусамда) хьахийна дела, иза цунна гайта эхь хеташ, кхин гайтина а ма дац ас иза цунна».

Мел дукха хан яьлча а ца дицло иштта гIиллакхе адам а, цуьнан оьздангалла а. Цундела олуш хир ду-кх: «Долчуьнгахь ду гIиллакх, доцчуьнгара даккха а лур дац».

З.САГАЕВА

№60, пIераска, хьаьттан (август) беттан 10-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: