Даймахкахь йорт етта йиси сан синан тулгIенаш…

ХIокху хене велира со Даймохк ган лууш, цига кхача хьоьгуш. ХIунда сатуьйсу сайн дай баьхначу махка кхача, суо цигахь вина а, ваьхна а ца хилча? Цунах тIаьхьа бен ца кхийтира.

Хийрачу махкахь ваьхнехь а, нохчийн хIусамехь волуш, нохчийн Iадаташ а гора, нохчийн  мотт бен а ца хезара суна жималлехь. Кевнал арахьа ерг хийрачу нехан юкъаралла яра.

Эххар а кхечира со сайн дай баьхначу махка. ХIетахь сайн хилла дог-ойла йийца хIинца а дешнаш кара ца до суна, амма юхавирзича дуьйна, Даймахкахь бисинчу безаман синан тулгIенийн мукъам зевне бекаш бисна сан дахарехь… Гуттар чIогIа бека и мукъам, сан хьомечу ненан маттахь куьйга яздинчу, исбахьчу йозанна тIера гIуьттуш. Айса сайна Iамийна хиларна куьйгайоза дика ца хаахь а, Даймахкарчу безамо синан тулгIенашца и берриге а мукъам серлабоккху ломара охьадогIу цIена шовда санна… Ненан мотт сан дахаран къилба хилла дIахIоьтти, массо безам шеца эбина. ХIинца хетало, азаллехь дуьйна Даймахкара безам сох ийна хилла хилла-кх, олий. Ненан маттахь и безам бийцаран марзо евзи. Цул йоккха марзо кхин хуьлийла доций а хии.

КхидIа хIун хир ду ца хаьа. ХIуъа хилахь, сан са хир ду Даймахкарчу безамах хьаьрчина. Сан цигахь бисина безам бийца воьлча, тептарш тоьар дац, амма дийцаза дисинарг, оцу безамах даима хьерчаш хир йолчу сан синан тулгIенаша дуьйцур ду. Дуьненахь хир яц аьлла марзо йовзийти ахь суна, сан хьоме Даймохк. Иза хIинца даима соьца хир ю…

(Даймахках дIакъастар, бекарг (март) беттан 30-гIа де, 2017 шо, 7 сахьт, 13 минот).

 

Хьуна хьийза са тен ца туьгу,
Сатийсаман тулгIенаша хьуна тIе вуьгу.

Цкъа мацца а хьоьца хир ву аьлла,
Дог тешна хиларо тухуьйту са.

Даима хуьлу хьоьца семачу гIенашкахь,
Деза и мерза гIан массо а заманахь.

Хьоьца Iаббалц марзо екъа кхолламо ца витахь,

Iебар ву… хьо ирсе гарца массо а хенахь.

Бено I.-Хьамийд

№ 74, товбецан беттан 22-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: