Хьомсара вежарий, йижарий, «Даймохк» газетан белхахой!
Ненан меттан йозанан Iу, верас, гIоьнча хилла схьадогIуш долчу нохчийн халкъан цхьаъ бен доцчу газетан хьалхара номер араелира 1923-чу шеран оханан (апрель) беттан 23-чу дийнахь.
Юьхьанца «Серло» цIарца арадолуш долчу газето шена юххе озийра хIетахьлера нохчийн ерриге а кхоллараллин интеллигенцин векалш, уггаре а хьалха яздархой: Арсанов СаьIидбей, Бадуев СаьIид, Нажаев Ахьмад, Мамакаев Мохьмад, цхьамогIа кхиберш. Церан гIоьнца, хьекъалца, похIмица нохчийн халкъана нийса къилба гайта гIерташ схьаеара редакцин коллектив.
1934-чу шарахь «Ленинан некъ» аьлла шен цIе хийцинехь а, ша юьхьарлаьцначу нийсачу некъа тIера ца елира редакци. Советийн Iедалан Iесачу политикина юккъехула, вайн дайн оьзда гIиллакхаш, Iадаташ
хестош, эхь-бехк, ийман лардаре халкъ кхойкхуш, болх бира газето.
1990-чу шарахь дуьйна «Даймохк» цIе йолуш, арадала доладелира газет. Оцу сийлахьчу цIарна хьанал хилла дуьсуш а ду.
Халкъ барте, маслаIате, машаре кхойкхуш гIаьттира иза 2002-чу шарахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин омрица, гIоьнца.
Иштта бу «Даймехкан» 95 шеран оьмаран некъ. Россин кхечу къаьмнийн газеташца цхьана могIарехь хилла ца Iаш, шен арадаларца, шен чулацамца царал хьалха лаьтташ, вайн къоначарна меттан йоза шардарехь, истори йовзийтарехь шех дика накъост а хилла, халкъана хазахетар хилча доккха а дедеш, иза гIайгIанехь хилча собаре а, иймане а кхойкхуш, нохчийн йозанан, меттан, литературин гIортор хилла, къоман гIиллакх, оьздангалла, эхь-бехк, ийман кхиорна юккъе шен къинхьегаман йоккха хазна юьллуш схьадогIу «Даймохк» газет. Оцу некъа тIехь хьанал къахьоьгуш бу редакцин берриге а белхахой.
Ас даггара декъалдо шу «Даймохк» газетан 95 шо кхачарца!
Лаьа, шун балхахь керла кхиамаш, дахарехь ирс-аьтто, доьзалехь ийман, беркат хуьлийла!
№61, шинара, хьаьттан (август) беттан 14-гIа де, 2018 шо