Дахалахь… Дахалахь, «Даймохк» газет, тхан ненан меттан гIарол

Арахеца долийна 95 шо дузарца доьзна «Даймохк» газет доккхачу хазахетарца даггара декъалдо Урдунерчу нохчаша.

Даймахкал арахь бехаш хиларх, цуьнца йолу марзо гIел ца ло кхузарчу нохчийн. Ткъа, «Даймохк» газет, Даймахкаца йолу тхан уггаре а чIогIа зIе хетало, хIунда аьлча, иза оха Iалашбинчу ненан маттахь долу дела.

Нохчийн мотт ца хилча, тхан Даймахкаца йолу уьйр иштта чIогIа хир яц. И зIе хадахь, тхо байлахь дуьсург хилар цIена бакъ ду, кхидолчу мехкашкара буйла хууш а боцу вайн нах санна.

«Даймохк» газет, дуьненахь мел болчу нохчийн геланча, Дала декъалдойла хьо!

«Даймехкан» белхахой, Дала сий дойла шун! Шу ду вайн меттан хилла ца Iаш, вайн нохчаллин масал.

Урдунерчу нохчийн цIарах юкъараллин гIуллакххо Бакир Iабдул-Хьамийд

№61, шинара, хьаьттан (август) беттан 14-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: