Санехь хилар гойту керлачу хорманаша

Кху шеран май баттахь ша Нохчийн Республикехь хиллачу хенахь Россин юьртан бахаман министра Федоров Николайс билгалдаьккхира берриге а махкахь юьртан бахам кхиар муха д1адахьа деза регионан агропромышленни комплексан белхахоша гойтуш хилар.  Цо тидам тIебахийтира республикехь пачхьалкхан Iедалан т1егIанехь оцу декъан доккха гIо лоцуш хиларна.

Федеральни тIегIанан куьйгалхочо аьлларг тIечIагIдеш дуккха а масалш ду вайн юьртан  бахамехь. Уггаре а хьалха билгалдаккха догIу пачхьалкхан бахамийн экономика чIагIъяр тидамехь латторца цхьаьна Нохчийчохь ахархойн-фермерийн бахамаш кхиор хаддазчу тергонехь латтош хилар, бахамлелоран  санехь хорма иза хиларе терра, цигахь дикка лакхарчу эвсараллица лаьттах, шайн карахь болчу гIирсех пайдаоьцуш хилар. И кеп вайн республикехь тIеттIа шорлуш хиларна тоьшалла ду дуьххьалдIа хIокху шеран кхоалгIачу кварталехь церан барам 664 бахамна алсамбаьлла хилар. Ткъа дийнна схьаэцча тахана регионехь латталелоран а, даьхнилелоран а сурсаташ кхиорехь кхиамца гIуллакх деш ву 3640 сов фермер. ХIора шарахь алсамдолуш ду царах тешош долчу лаьттан барам, кхиош долу даьхни, бахамашкахь дохуш долу лаьттан а, дохнан а сурсаташ.

Цуьнга хьаьжжина ду пачхьалкхо фермерийн гIолацар а. Масала, дуьххьалдIа кху цхьана шарахь царна къастийна 160 миллион соьмал алсам ахча. Юьртабахаман ведомствехь хаам беш ма-хиллара, цунах 130 миллион сом гIуллакх дан буьйлалуш болчу фермершна лерина, важа дисинарг – доьзалан даьхнилелоран фермаш кхолларна. Министерствехь иштта тидам тIебохуьйту «2012–2014-чуй шерашкахь Нохчийн Республикехь гIуллакх дан буьйлалуш болчу фермерийн г1олацар» аьлла йолу регионан Iалашонан программа кхочушъярехь дакъалацарна конкурсан комиссис ахархойн-фермерийн 130 куьйгалхо билгалваьккхина хиларна. Фермерийн ялх бахам «2012–2014-чуй шерашкахь Нохчийн Республикехь ахархойн-фермерийн бахамийн буха т1ехь доьзалан даьхнилелоран фермаш кхиор» аьлла йолчу программин дакъалацархой хилира.

Иштта тидамза дуьтийла яц пачхьалкхан г1олацаран дозанашкахь фермерийн бахамашна бахамлелоран кегий хорманаш кхиорна гранташ, дIадуьйн хIу, юьртабахаман техника, удобренеш, ораматаш ларъяран гIирсаш къастош хилар а. ДуьххьалдIа кху шеран бIаьста фермерийн бахамашна маьхза делира бIаьстенан культурийн 514 тонна гергга  хIу, 1685 тонна гергга минеральни удобренеш, химин гIирсашца асарш дIадахарна лерина йолу 142 кийла сов гербицидаш.

Юьртан бахам кхиоран гIуллакхаш регионан куьйгалло хаддазчу тергонехь латтош хиларан билгало лара йог1у 2014–2020-чуй шерашна лерина йолу юьртан бахам кхиоран программа гIуллакх дан йолаелла хилар а. Федеральни а, республикин а бюджеташкара санна, кхечу хьостанашкара а ахча къастор билгалдина оцу программина. Цуьнца нийса а догIуш, хIокху ворхI шарчохь хаъал алсамдер ду бахамлелоран кегийчу хорманийн пачхьалкхо гIолацар, лаьттах санехь пайдаэцарна, латталелоран а, даьхнилелоран а сурсаташ дахар алсамдаккхарна  хьелаш кхоллар. Оцу дерригено тешам ло республикин агропромышленни комплексо тIедогIучу шерашкахь хьалхахьа керла гIулч йоккхург хиларна.

Л.АБУБАКАРОВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: