… Хьо безаш волчунна
Пондаран аз ду хьо,
Хьайца уьйр йоцчунна
Гихь беза мохь бу хьо.Хьо хууш волчунна
ЖовхIарийн хIонс ю хьо,
Хьайца шовкъ йолчунна
Чам тайна стом бу хьо.Хьайн хазнех кхиъначун
Вахарехь ирс ду хьо,
Хьайх хераваьллачун
ДIатесна некъ бу хьо.Ойла хьайца ечун
Бух боцу хIорд бу хьо,
Кхин толош волчунна
Совбаьлла гIирс бу хьо.Хьо ца безаш волчо
Шен нана лорур яц,
Ненан сий цадечо
Мехкан сий лардийр дац.Ненан мотт цахаар
Шен кхерч цаларар ду,
Кхерчан да цахилар
Маьттаза вахар ду.… Суна хьох къахета,
Бийца цахуучо,
Хьайн куьцах бохийна,
Мерза чам талхийча.Чов хуьлу сан дагна,
Доггах цабезачо,
Шен гIалат дицдина,
Сийсазбеш бийцича.Хьайн ненан мотт хаахь,
Дозалла ас до хьох,
Даггара и безахь,
Ас хастам бо хьуна.Цунах ма херлолахь,
ДоттагIа, варийлахь,
Ненан мотт хьайн бацахь,
Байлахь вуй хаалахь!
САИДОВ Билал
№61, шинара, хьаьттан (август) беттан 14-гIа де, 2018 шо