Нохчийн Республикин Яздархойн союзо «Даймохк» газетан 95 шо кхачарца декъалбо редакцин берриге а белхахой а, ветеранаш а

Нохчийн яздархойн даима а уьйр-марзо хилла нохчийн маттахь арадолуш долчу газетехь ненан меттан кIорге, хазалла, аьхналла, исбаьхьалла гойтуш, къахьоьгуш болчу журналисташца. Баккъал а, къоман а, мехкан а дуьхьа къахьоьгуш бу уьш, де-буьйса ца лоьруш.

Оха, яздархоша, дозалла до нохчийн маттахь дуьххьара арадаьллачу «Серло» (тахана «Даймохк») газетан редактор Арсанов СаьIидбей хилла хиларх. Нохчийн мотт а, литература а кхиоран шатайпа пхьалгIа хилла лаьттина а, тахана лаьтташ а ду газет.

Тайп-тайпанчу шерашкахь оцу газетехь белхаш бина яздархоша Мамакаев Мохьмада, Музаев Нурдис, Муталибов Зайндис, Эдилов Хасмохьмада, Ахмадов Iумара, Кусаев Iадиза, Шайхиев Iалвадис, Абдулаев Лечас, дуккха а кхечара. И ламаст тахана а схьадохьуш ду.

Нохчийн Яздархойн союзан берриге а декъашхошна даггара лаьа газетехь болх бечу журналистийн, штатехь боцчу корреспондентийн, газетаца уьйр-марзо йолчеран массеран а кхоллараллин балхахь баккхий кхиамаш а, дахарехь ирс-аьтто а хуьлийла, доьзалшкахь ийман-беркат лаьттийла.

К.ИБРАГИМОВ, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатель

№61, шинара, хьаьттан (август) беттан 14-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: