Тахана… Тахана, Далла бу хастам! БIаьсте ю арахь. Сийна БIаьсте… Дуьненан Исбаьхьа-БIаьсте! Дуьненан Серло-БIаьсте! Тахана маьрша, самукъане хьоьжу малх.
Тахана серладаьлла дуьне, цIанъелла, хазъелла, къонъелла вайн гIаланаш, ярташ. Тахана серлаевлла, самукъане ю адамийн яххьаш, Тахана – Нохчийчохь Машар! Маьрша Машар! Беркате Машар! Дарбане Машар!
Декъалхуьлда машар! Декъалхуьлда таханлера БIаьсте!
Таханлера Апрель! Декъалхуьлда Нохчийн къоман уггаре а деза, уггаре а сийлахь де – 1923-чу шеран оханан (апрель) беттан 23-гIа де – бIешерийн йохаллехь дуьххьара Веза-Воккхачу Дала Шен къинхетаман комаьршаллица вайна совгIатана беллачу маттахь – нохчийн маттахь – дуьххьара къоман газет «Серло» арадаьлла деза де!
Декъалхуьлда Серло! Дуьне мел деха дехийла, лепийла ши дош: «Серло!», «Даймохк!»
Ша дуьнен чу даьллачу дийнахь дуьйна, шен къоман кхоьллина дахар серладаккха гIерташ, шен къоман халачу, чолхечу дахаран гIуллакхаш дуьйцуш схьадогIучу «Серло» газетан цIе, «Ленинан некъ» аьлла, хийцира 1934-чу шарахь. Амма цIе хийцинехь, шен къомана ша латийна Серло, дIа ца йойтуш, шен юьхь, шен Iалашо, шен амал ца хуьйцуш, ларйира газето. И Серло дIа ца яйаелира дIадаханчу бIешарахь Нохчийчохь хиллачу баккхийчу бохамашка а.
1944-чу шарахь дерриге а нохчийн халкъ, шен Даймахках даьккхина, Казахстанан, ГIиргIизойн йистйоцчу аренашкахь эрна даржийна даьккхинчу 13 шарахь а, 1994-чу шарахь болийна, шерашка бахбеллачу къизачу шина тIаме а.
1995-чу шарахь, Казахстанан пачхьенехь Алма-Атахь арадала доладелира «Къинхьегаман байракх», оцу цIарца цо болх бира 1957-гIа шо чекхдаллалц. Нохчий шайн Даймахка юхабирзинчу 1957-чу шарахь юха арадала доладеллачу «Ленинан некъ» газето къоман меттан дахарехь латийна Серло дIа ца йойтуш, къоман коьртачу хазнин – Нохчийн меттан – дерриге а хьашташ, шен семачу тидамехь латтош, схьайогIу, 1990-чу шарахь газетера эстафета схьаэцна йолу хIокху вайн Маьлхан Дуьненахь ша цхьаъ бен доцчу нохчийн «Даймохк» газетан коллектив.
Суна лаьа тахана, «Даймохк» газетан юбилейца цуьнан коллектив а, берриге а вайн махкахой а – вайн вежарий, йижарий – даггара декъалбан!
АРСАНУКАЕВ Шайхи
«Даймохк» газетана даггара хIара могIанаш яздина Нохчийн Республикин халкъан поэт Арсанукаев Шайхи тахана вайца вац (Дала гечдойла цунна). Газетан юбилейна лерина яздинера цо хIорш
№61, шинара, хьаьттан (август) беттан 14-гIа де, 2018 шо