Редакцина юьхькIам бу Иорданерчу нохчаша газетан дахарехь дакъалацар

Газетдешархойн тидамза дисина хир дац, кест-кеста, «Даймохк» газетан агIонаш тIехь Иорданерчу нохчаша язйина материалаш зорбане йийлар. Редакцина доккха совгIат ду генарчу махкахь Iаш болчу царна цIенна ненан мотт хаар а, шайн Iер-дахарх лаьцна цара газетана статьяш язъяр а.

Иштта, 2015-чу шарахь дуьйна, газетаца зIе латтош схьавогIуш ву Иорданера Бакир Iабдул-Хьамийд. И бахьанехь, нохчийн маттахь статьяш язъян марзбелла цигара кегийрхой Бийтро МахIир а, Ширдо Мохьмад а, Iусман Басил а.

Нохчийн маттахь дешнийн галморзахенаш (кроссвордаш) хIиттайо Бакир Асета, иштта, ненан маттахь шаржаш йохку Докъа Дийнас.

Редакцина чIогIа мехала ю цаьрца йолу зIе.

№61, шинара, хьаьттан (август) беттан 14-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: