Къоман газетехь болх бар дозалла ду

Ларамза нисделира ала мегар ду сан «Даймохк» газете балха яр. Школехь йолуш «Даймохк» газетаца, «Орга», «Вайнах», «Нана» журналашца йоккха уьйр хиллехь а, суна цкъа а дагадеана дацара республикин зорбанан изданехь айса болх бийр бу аьлла. ХIетте а, 2012-чу шарахь журналистийн белхийн «Муха хезар ду сан дош» конкурс «Даймохк» а, «Вести Республики» а газеташа республикехь дIакхайкхийча, дакъа ца лоцуш Iа ца елира. Оцу конкурсан жамIашца нохчийн газетан редакце балха кхача ирс хилира сан.

Бакъдерг аьлча, хIетахьлерчу а, хIинцалерчу а коллективана юкъахь хаъал башхалла ю. ХIинцалера белхахой эшна бу бохург а дац иза. ХIетахь редакцехь баккхийчеран – нохчийн журналистикин къанойн – беркат хаалора. Тахана санна дагайогIу хIетахь летучка ю аьлла, коьрта редактор Шамсудинов Бувайсар волчохь тхаьш гул моссазза ло, сайн хуьлуш хилла дог-ойла: йоккхаер, эхьхетар, самукъадалар дерриге а ийна хуьлура.

Чоь юьззина Iаш хуьлура «Даймехкан» ветеранаш – тоьлла журналисташ Магомаев Салавди, Магомаев Леча, Аболханов Хьаьким, Дадаев Сайд-Хьасан, Арсанукаев Муса, Газиева Аза, Дудаева Билкъис, Саралиева Табарик, Эльдерханова Зайнап, иштта, дуккха а шерашкахь редакцехь къахьегна корректорш Асиева ПетIамат, Ибрагимова Лиза, зорбанан наборан оператор Шовхалова Марет, кхиберш.

Бу бохучу журналисташна юкъахь, кхин къона корреспондент а воцуш, суо сайн меттахь ца хетара.

МогIанаш дагардан долийча, садеIар а лахдой, ладоьгIура сайн фамили яккхаре, кIезиг могIанаш а яздина, юьхьIаьржа ма хIоттахьара, олий. Шина кIиранах арадевллачу газеташна «бIаьргтухучо» сайн материалан терго йича, эхьхетарца цхьаьна дерриге а дуьне сайна делча санна, хаза а хетара…

Цул тIаьхьа гIеххьа шераш девлла, керлачу чкъуро хийцина редакцин хIетахьлера коллектив (лакхахь бийцинчарах Эльдерханова Зайнап, Ибрагимова Лиза бен ца йисина кхузахь). Уьш а санна, тахана кхузахь берш а бу вовшашца бертахь, доггаха къахьоьгуш. Амма хIетахьлера нохчаллин Iаь ца хаало, иза оцу нахаца дIаяхана. Бакъду, царах хIора а редакцин учахь (наггахь хьошалгIа вогIуш) гучу моссазза волу, дукха сиха схьа а кхета иза.

Къаьсттина хазахета Аболханов Хьаьким редакце хьошалгIа вогIуш, хIунда аьлча, газетехь сан дуьххьарлера хьаькам а (хIетахь культурин отделаy редактор вара иза), хьехамча а хилла иза. Нохчийн журналистикин декъехь доккха зеделларг хиларе а, нохчийн мотт дика бовзаре а терра, цуьнан хIора а дош, хьехар чIогIа мехала хуьлура суна.

Хьаькима, шен говзаллица, кхетамца, хьекъалца, догцIеналлица айса хаьржинарг «нийса» корматалла хиларх теша ницкъ а луш, нохчийн журналистикин мехалчу новкъа яьккхира со. Тахана а, иза гича цуьнга хатта, цунах дагаяла дIадиллина цхьацца хIума хуьлу гуттар а.

Суна, кхузахь балхахь болчу кхечу къоначарна санна, доккха дозалла хета нохчийн халкъан гоьбевллачу яздархоша, тоьллачу журналисташа къахьегначу редакцехь болх бар.

«Даймахкахь» болх баро, Кхузахь йоккхучу хено бохьучу пайданашна юкъахь ду нохчийн халкъан кхузаманан яздархой, гоьбевлла артисташ, говза журналисташ, Iилманчаш, доцца аьлча – вайн къоман хьакъболлу векалш тайп-тайпанчу гуламашкахь, цхьаьнакхетаршкахь редакце хьошалгIа баьхкинчохь юьхь-дуьхьал бовза а, ган а, цаьрца къамел дан а йиш хилар.

Баккъал а доккха совгIат ду иза. Жимачохь дуьйна махкахь цIе йоккхуш буьйцуш хезна, телевизор чохь гуш хилла, книгашна, журналашна тIехь говзарш ешна, хьо воккхавеш, ахь дозалла деш болу нах, денна а аьлча санна, хьайн редакце богIий го хьуна, цаьрца уьйр тасало хьан, царах пайда а, марзо а оьцу. ТIаккха кхин хIун оьшу хьуна хьанал, беркате къахьега?..

МУСАЕВА Асет

№61, шинара, хьаьттан (август) беттан 14-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: