Баккхийнаш цIеххьана берриге а юкъара дIа а бевлла, нохчийн газет арахецаран дукъ а, жоьпалла а тIедуьйжира, масех шо хьалха царна юххехь, царах Iемаш, царах масал оьцуш, церан «бIаьра хьаьжна» Iаш болчу къона а, гIеметтахIиттина а болчу журналисташна а, техникин белхахошна а. Делахь а, уьш боьхна хьаьвзина цахиларна тоьшалла ду газетан цхьа а номер шен хеннахь ара ца йолуш йисина цахилар а, уьш шайн декхаршца кхиамца ларош хилар а.
Нийса хир дацара зеделларг долчу журналистех масех стаг (пенсехь хиллехь а) къоначарна хьехамчаш а, гIортораш а хилла тахана а лаьтташ хилар ца хьахийча. Царах ву, уггаре а хьалха, Аболханов Хьаьким, Газиева Аза, Магомаев Салавди, Дадаев Сайд-Хьасан, кхиберш. Церан гIоьнца, шайн корматаллехь денна кхуьуш бу къона журналисташ Хасаханов Ислам, Сагаева Залина, Лорсанова Зарета, Авхадова Хьава, Муртазов Iадлан, Алиев ИбрахIим, Вегиева Макка, кхиберш. Бакъонца царна хьехамча хилла дIахIуттуш ю Эльдерханова Зайнап а, Мусаева Асет а, Ибрагимова Лиза а. Уьш бацахьара янне а йиш яцара.
Изза ала догIу газета тIе боьду хIора могIа, хIора дош шозза-кхузза дешна Iаш йоцучу шина корректорна а. И шиъ Магомаева Марем а, Юсупова Лариса а ю. Цу шимма бечу балхах боьзна ца Iаш, берриге а журналистийн балхах а боьзна бу компьютера тIехь зорбатохаран (зорбалахьоран) шина операторан Баудинова Мединин а, Дадаева Яхин а болх. Техникин белхахо ларалуш елахь а, шаьшшинна балхана кхолараллица тIеяха езаш хуьлу и шиъ.
Газетан куц-кеп дар а, цу тIе тухучу материалашна а, суьрташна а ешархойн бIаьрг тIехIутту агIо яр а кIорггера карадирзина хиларца билгалдаьлла ду ши верстальшик: Абубакарова Седа а, Абубакаров Рамзан а.
Къаьсттина хьахо еза кадрийн отделан куьйгалхо Шапошник Виктория. Ша украинка елахь а, «Даймохк» газетехь болх беш хиларе терра, олуш ма-хиллара, ша чIегIардиго санна, шерра нохчийн мотт буьйцу тхан Викас. Редакцин белхахойн баттахь цкъа-шозза дог ца хьостуш Iаш яц коьрта бухгалтер Кутаева Лайлаъ а, цуьнан белхан накъост Бексултанова Макка а.
Цара массара а цхьаьна, вовшех дага а довлуш, даима а вовшашна гIо-накъосталла а деш, бертахь болх баро таро хуьлуьйту хIора кIиранах шозза «Даймохк» газет арахеца. Цу тIехь белхахойн аьтто а беш, балхана оьшу (ницкъ кхочучу барамехь) хьелаш а кхуллуш говза куьйгалла деш ву коьрта редактор Шамсудинов Бувайсар а, цуьнан заместитель Абдулмуслимов Руслан а.
«Даймохк» газетан тахане ю-кх уьш берриге а. Церан массеран а юкъарчу къинхьегаман жамI ду вайна гуш долу «Даймохк».
№61, шинара, хьаьттан (август) беттан 14-гIа де, 2018 шо