Россехь пенсин системехь хийцамаш бан сацам хиллехь а…

Пенсин системехь хийцамаш баран хьокъехь йолу законопроект Россин Федерацин Пачхьалкхан Думехь цкъа ешна чекхъяьлла, ткъа кхидIа цу тIехь бен болх Россин субъекташа бовзийтинчу хийцамашца а, говзанчашца а, юкъараллица а дечу «къамелаца» а боьзна хир бу. Иштта аьлла хета политологна, Демократин фондан вице-президента Федорова Аннина.

Цунна хетарехь, «оцу законопроекта тIехь хIинца беш болу болх а, хийцамаш а коьрта бу».

«Хууш ма-хиллара, Пачхьалкхан Думехь цкъа ешна чекхъяьлла пенсионни системехь хийцамаш баран хьокъехь йолу законопроект. Делахь а, вай кхета дезаш ду оцу хиламо «хIумма а дIадерзийна цахиларх», хIунда аьлча, цо «мел дерг дIадолийна». Оцу законопроекта тIехь кхидIа бен болу болх Россин субъекташа бовзийтинчу хийцамашца а, говзанчашца а, юкъараллица а дечу «къамелаца» а боьзна хир бу», – билгалдаьккхина цо.

Федорова Анна тешаш ю оцу законопроектан чаккхенан кеп хIотторан декъехь дуккха а болх бийриг хиларх.

Политологна хетарг бакъ хила тарлуш ду, хIунда аьлча, Россин Пачхьалкхан Думо, хIинццалц 30 де бен луш ца хиллехь а, хIинца товбецан (сентябрь) беттан 24-гIа де кхаччалц хан елла Россин субъекташна а, говзанчашна а, юкъараллина а цуьнан хьокъехь долу шайн хетарш довзийта.

Пенсин системехь бан леринчу хийцамашца боьзначу хаамех пайдаоьцучарна хIинца уггаре а «дика» мур бу тIекхаьчнарг – товбецан (сентябрь) беттан 24-гIа де тIекхаччалц оцу хийцамех а, церан хьокъехь йолчу законопроектах а лаьцна массара а, массанхьа а дуьйцуш хир ду.

И.АДАМОВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: