Р.Кадыровс дакъалецира ЮИД-н пресс-туш схьаелларехь

Хьаьттан (август) беттан 15-чу дийнахь, Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан цIийнехь схьайиллира Россин ЮИД-н (некъан къона инспекторш – авт.) Нохчийн Республикехь йолчу тобанийн пресс-туш.

И туш Россехь йоьалгIа хилла ца Iаш, Къилбаседа Кавказан федеральни округехь коьрта туш а хир йолуш ю.

Оцу гIуллакхехь дакъалецира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Премьер-министра Хучиев Муслима, Парламентан спикера Даудов Мохьмада, Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, Дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала, Соьлжа-ГIалин мэра Закриев ИбрахIима, «STOP-газета – некъашкахь кхерамазалла» юкъараллин коьртачу директора Капшуков Лева, некъан боламан кхерамазаллин декъехь йолчу «STOP-газета» а, «Бераллин Дика Некъ» а изданийн коьртачу редактора Суражевская Аллас, республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон УГИБДД-н а, республикерчу ЮИД-н тобанийн а векалша, кхечара.

Цхьаьнакхетар дIадолош вистхиллачу Кадыров Рамзана билгалъяьккхира ЮИД-н тобанийн жигархоша кхочушдечу гIуллакхийн мехалла.

Нохчийчохь ЮИД-н пресстуш схьаелларо кегийрхошна накъосталла дийр ду некъан боламан бакъенаш а, оцу декъехь долчу законодательствон лехамаш а бовза. Пачхьалкхан автоинспекцис беш болу болх уггаре а коьртачу белхех цхьаъ бу. Республикехь, мел халахеташ делахь а, карарчу шеран 7 баттахь, некъан боламан бакъенийн 86 эзар тайп-тайпана талхор дина. Цундела, аш, къона инспекторш, УГИБДД-н белхахошна гIо-накъосталла дар маьIне а, оьшуш а гIуллакх ду. Аш кхидIа а вовшашца бен болу болх тIаьхье беркате йолуш хуьлда!, – элира республикин Куьйгалхочо.

Суражевская Аллас дийцарехь, некъан боламан къоначу инспекторийн а, хьехархойн а, берийн а, баккхийчеран а юкъаметтигийн а, иштта, пресс-конференцийн а, брифингийн а майда ю ЮИД-н пресс-туш.

Некъан боламан бакъенех а, некъа тIехь лело дезачух а, лелийча пайдехь долчух а лаьцна репортажаш еш, статьяш язъеш, оцу тематикина лерина цхьаьнакхетарш а, брифингаш а дIахьош, пресс-конференцеш еш къахьоьгур ду къоначу инспекторша – ЮИД-н пресс-туьшан жигархоша, – билгалдаьккхира цо.

Цул тIаьхьа, даздаран хьолехь Соьлжа-ГIаларчу ЮИД-н пресс-туьшан къоначу жигархошна тоьшаллаш (удостоверенеш) дIа а луш, цIен аса а хадош, пресс-туш схьайиллира республикин Куьйгалхочо.

Иштта, къоначу инспекторшна болх бан гIирсаш белла ца Iаш, цара дIаяьхьначу хьалхарчу пресс-конференцехь, церан хаттаршна жоьпаш а луш, дакъа а лецира цо.

И.ИСЛАМОВ

№62, пIераска, хьаьттан (август) беттан 17-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: