Дийцаре дира юьртан бахам кхиоран гIуллакхаш

СаIудийн Араве а, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташка а Нохчийчуьра юьртан бахаман сурсаташ кхехьа дагахь ду. Цу хьокъехь хаам бира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана юьртан бахаман гIуллакхаш дийцаре дарна лерина республикин Правительствехь дIаяьхьначу кхеташонехь.

«ТIаьхьарчу шерашкахь Нохчийн Республикехь дукха болх бина юьртан бахаман декъехь. И бахьанехь агропромышленни комплекс кхио таро хилла. ХIинца вай дагахь ду уьнахцIена долу вайн юьртабахаман сурсаташ Россе а, кхечу мехкашка а дIакхехьа. Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташка а, СаIудийн Араве а ялта, стоьмаш, жижиг, моз дахьаран хьокъехь бина барташ бу хIинцале а. И сурсаташ дерриге а дуьненахь оьшуш ду, цундела оцу декъехь болх жигарабаккха беза вай», – элира Р.Кадыровс.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Израйилов Iабдул-КъахIира билгалдаьккхира тIаьхьарчу пхеа шарахь регионан юьртан бахам цхьабосса кхуьуш хилар.

Республикин юьртан бахаман министрана Дадаев Мусана юьртан бахаман коьрта дакъош кхиорехь кхидIа а жигара гIуллакхашдар тIедиллира Кадыров Рамзана.

Иштта, Нохчийн Республикин Парламентан Председательна Даудов Мохьмадна лаьттан законодательствон хьокъехь хетачуьнга ладуьйгIира цо.

Билгалдаккха деза Нохчийн Республика кхиорехь коьртачу дакъошна юкъахь агропромышленни комплекс хилар. Цу декъехь гIуллакхашдар бахьанехь республикин юьртан бахаман гайтамаш кху шеран хьалхарчу эхашарахь хаъал лакхабевлла. Иштта, Нохчийн Республикин «Чеченстатан» хаамашца, 2018-чу шеран хьалхарчу эхашарахь 7 миллиард соьмана юьртан бахаман сурсаташ кхиийна, производствон барам 7 процентана алсамбаьлла.

Теплицийн баккхий бахамаш бар бахьанехь «дIакъевлинчу лаьттан» хасстоьмаш кхиор 2017-чу шеран хьалхарчу эхашарахь хиллачул а 2,4-зза алсамдаккха таро хилла.

«Къевлинчу лаьтта» тIера 15 эзар тонна гергга хасстоьмаш гулбина. Иштта, 15 эзар гектарана алсамъевлла ялта дуьйш-лелон аренаш (уьш хIинца 260 эзар гектар сов ю). Дохнан барам а алсамбаьлла, 2018-чу шеран асаран (июнь) беттан чаккхенехьлерчу хаамашца, 240 эзар сов корта даккхий даьхни а, 244 эзар корта уьстагIий, гезарий а, 1,3 миллион корта зIакардаьхни а ду республикехь.

А.ВАХАЕВА

№62, пIераска, хьаьттан (август) беттан 17-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: