Кестта Тбилисехь схьайоьллур ю «Вайнах» ресторан

Дукха хан йоцуш хаза кхаъ кхаьчна гуьржийн махкара.

«Рустави-2» цIе йолчу телекомпанис дIаяьхьначу кулинарни конкурсехь толам баьккхина нохчийн мехкарша. Конкурсан цIе яра «Сан кухнин низам». Толамхойн цIерш ю Кавтарашвили Нана, Мачаликашвили Медико. Гуьржийн махкарчу Ахметан кIоштара яхархо ю шиъ.

Гуьржийн 60 кIоштара говзанчаш хилла конкурсехь дакъалоцуш. Уьш берриге а лаккхара корматалла йолуш, кхача кечбарехь алсам зеделларг долуш хилла. Цхьана а кепара шеко йоцуш цара кечдина даарш мерза, шатайпачу башхаллица къеста чемаш болуш хилла. Делахь а ларамечу жюрин декъашхоша хьалхара меттиг дIаелла нохчийн къоман кхачанна – жижиг-галнашна.

Иштта лаккхара мах хадийна тIо-бераман а, деман хьовлин а. Тергамхоша а, конкурсан эксперташа а цхьана озехь билгалдаьккхина Кавтарашвили Нанас а, Мачаликашвили Медикос а кечдина жижиг-галнаш хьалхара меттиг яла хьакъ хилар.

Толамхошна 100 эзар лари ахчанца совгIат дина, цуьнан барам бу 41 эзар Iамаркан доллар хуьлу.

«Сан кухнин низам» конкурсехь толам баьккхина ши йоI цу ахчанах шайн кулинарин бизнес дIайоло дагахь ю Тбилисехь «Вайнах» цIе йолуш ресторан схьаелла дагахь ю и шиъ.

Вайна диснарг, «Дала аьтто бойла шун, тхан хьоме йижарий» алар ду!

ГАЗИЕВА Аза

№62, пIераска, хьаьттан (август) беттан 17-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: