Россин Федерацин Президента Путин Владимира 2018-гIа шо волонтеран (шен лаамехь диканиг дийриг) шо ду аьлла, дIакхайкхийна. Оцу хьокъехь Ерригроссин кегийрхойн юкъараллин «МИР» («Молодежь.Инициатива.Развитие») организацис Россин 60 регионехь кхочушъяран Iалашонца хIоттийначу социальни проектана Россин Президентан Фондан Грант ю совгIаташна яла билгалъяьккхина.
Цуьнца доьзна, «МИР» организацис дикачу гIуллакхашца билгалбевллачу Россин гражданашна, даздаран хьолехь, «МИРан совгIат» даларан конкурс дIахьур ю лахьанан (ноябрь) баттахь.
«МИРан совгIат» конкурсан хIокху дакъошкахула номинацеш ю: «Хаза кхаьънаш»; «Даима а хьалхахьа эхар»; «Экологин жоьпалла»; «Аьтто боццушехь»; «Хьуьнар»; «Дика коллектив»; «Халкъан СовгIат».
Конкурсехь дакъалаца луушверг «МИР» организацин интернета чохь йолчу «мымир.рф» сайта тIехь товбецан (сентябрь) беттан 12-гIа де тIекхачале дIавазвала веза, цул сов, конкурсан хьокъехь хаттар кхоллалахь, хIокху лоьмарца зIене вала аьтто хир бу муьлххачун а: 8(800)555-95-11.
«Хаза кхаьънаш» совгIат лур ду дика гIуллакхаш динчу а, майралла гайтинчу а Россин бахархойх лаьцна тоьлла материалаш язйинчу а, дикачу агIор хийцаделлачу дахарх лаьцна тоьлла статьяш язйинчу а зорбанан хаамийн журналисташна, тележурналисташна, блогершна, зорбанан гIирсийн редакторшна, режиссерашна;
«Даима а хьалхахьа эхар» номинацехула совгIат лур ду гIоьналлин а, юкъараллин а цхьаьнакхетараллашна а, жигархошна а юкъахь тоьллачарна;
«Экологин жоьпалла» совгIат – Даймехкан экологи ларъярехь тоьлла проекташ кхочушйиначарна;
«Аьтто боццушехь» совгIатан лауреаташ хила аьтто бу могашалла ледара яра аьлла, юьстах а ца Iаш, юкъараллин дахарехь жигара дакъалоцучеран;
«Хьуьнар» совгIаташ лур ду – 2016–2018-чуй шерашкахь дика гIуллакхаш диначарна а, бахархошна юкъахь турпалаллица а, адамаллица а билгалбевллачарна;
«Дика коллектив» совгIатан да хила аьтто бу – гIо даран акцеш сих-сиха дIахьош йолчу компанийн а, пачхьалкхан органийн а куьйгалхойн;
«Халкъан совгIат» совгIат лур ду «МИР» организацин интернета (церан сайта тIехь) кхаж тесначу ахфиналистана.
№62, пIераска, хьаьттан (август) беттан 17-гIа де, 2018 шо