Iабдуссалама динчу дейтта хаттарна делла жоьпаш.
БисмиллахIиррохьманиррохьийм!
Тхо шайтIанан а, керстанийн охIланна а карадаханчу хенахь, тхайн вежаршна а, хIусамашна а тхо генадевллачу хенахь, оцу заманан Элаца (Хьаьжица) сан цхьаьна Iер дахделлачу хенахь, оцу цхьаьнакхетарх пайдаэца вуьйлира со, диканийн бахьанаш гулдарехь а, бархI долчу жовхIарийн (ялсаманийн) кочарш дIадехкарехь а. ХIара боца некъ даиманна а хилира тхуна, Зуль-Хьиджат баттера Джумадал-Ахире кхаччалц. Дала къинхетаман догIа делхош денош дахкийтира, оцу денойн серлонашкахула со Хьаьжица лийлира, со цуьнца цхьаьна Iара буьйсанан боданашкахь.
Со Хьаьжина тIаьхьавезира цуьнан ламазашкахь. КIеззиг даахIума дууш цуьнца цхьаьна шуьне хиира со. Оцу хенахь Дала со винера цунна дукхавезаш волчу ден доьзалхочун метта.
Хьуна ду (ахь дIаэца, хIай мурид) цуьнгара ас гулдинчух тIаьххьара дакъа, цуьнга динчу хеттаршна, жоьпаш дина, ас къастийнарг. Ас иза дIаяздина хоьттуш болчарна къеггина далил хилийта, цуьнан караматех (сийлаллех) цуьнан мурдашна къеггина билгало хилийта, и Камил вели хиларехь. Делехь ду гечдар а, къинтIеравалар а, гочдарехь соьгара доьжначунна, сов валарна я эшам барна. Ас цуьнга 14 хаттар дира, цо царна жоьпаш делира, Дала шена, дIа а диллина, хаийтина долчу Iилманца а, цо шена дагатосуш долчу Iилманца а.
Хьалхара хаттар
Дела везар а, Иза везаран дарж кхочушхиларх а лаьцна
Хьаьжас (Дала къайле тойойла цуьнан) боху цунна жоп даларехь: «ХIун маьIна ду Дала бохучун: «Шен лайшна ша баккъал а веза ма-веззара ца веза. Царех цхьамма дуьненан партал (товар) хоржу ша везарал. Ялтийн дас, шен ялтех хьаьжкIан кан экхано биъча, масийтта буьйса хадеш ларйо, шен ялта Iалашдеш; жаIуьно шен жа юккъера гIийла газанан буьхьиг барзо яьхьча, набарх дIа а къаьстий, масийтта буьйсанна шен жа лардо. Амма кIеззиг хили кхоччуш цхьа буьйса денъеш верг Ша резаварехь, Ша везар Iалашдарехь». ХьаьжкIан кенан механ а, я газанан буьхьиган механ а доцу Дела везар кхочушхила герга дуй те?! Дац шуна!
Оцу дерригенал тIаьхьа хьуна уьш гур бу Сан цIерш нажжасатана тIехь хьехаярх лар ца луш, Соьга боьхачу меттигашка кхайкхарна тIехь лар ца луш. И меттигаш ю уьш, Сан балхаца там боцуш йолу, шайн чохь хьехо а, Со цу меттигашка кхайкха а (кхузахь дуьйцург хьарамчу хIуманех шайн кийранаш буьзна а болуш, Дела хьехавар ду).
Оцу метте Соьга кхойкхучунна там болуш дара шен дегI зер а, ша хьажар а. Цунна шена тамехь хир дарий-те чIогIачу нажжасатех а, боьхаллех а юьзначу пхьегIана гергахь ша сацар, и боьха хьожа еза а ца езаш, шен мераца хьожа яхарна новкъарло а йоцуш.
И тамехь ца хилча, цунна хуур дара, нехан хьарамчу даьхнех цо шен буьзначу кийрара йогIуш йолу боьха хьожа Суна ца езий а, ирчачу хIумнашца а, боьхачу хIумнашца а цо шен бехдинчу дагтIера боьха хьожа суна ца езий а. Дуьххьара Делан лайна важаб дерг шен кийра цIанбар ду дерриге а хьарам динчух. Цул тIаьхьа Дела хьехаварна чуволар ду. ТIаккха цунна, шеко йоцуш, шен дагчохь карор ву, И Лекхаволу Дела. Сихо е аш, хIай вежарий, дегнаш цIандарехь, шу кхачархьама шаьш лоьхуш долчун лакхене.
Хьаьжас элира: «Лекхаволчу, беркате волчу Дала боху: «Со элийн Эла ву, паччахьийн Паччахь ву, хIора ницкъ беш волчу стеган хьаж Сан ницкъан карахь ду. ХIара болх иштта хиларца цхьаьна, Сан лайш Сох ца кхоьру, шаьш цхьаболчу ницкъ болчу нахах кхерарх терра.
Цхьа ницкъ бечу паччахьо даккхийчу зуламех царна зулам динчу хенахь, ша толлалц царна ницкъ беш, бало ца магийначу церан гергарчу зударийн сий дайарца а, важаб долу хIумнаш дитийтарца а, хьуна и лайш го шаьш и паччахь вазварехь совбуьйлуш, цуьнан хьукманашна а, омранашна а тIаьхьабозуш. Царна юккъехь Шен эвлаяэх цхьаъ гучуваьллачу хенахь, Ша царна бакъдерг а, цIена дин а билгалдеш, Ша уьш нисбеш нийсачу новкъа, хьуна уьш го цунах кхаьрдаш, цунна инкарло еш, шаьш цунна цатемаш беш, цунна тIаьхьа ца бозуш. Уьш Сох кхоьруш а, Сан ницкъ лоьруш а хиллехьара, Сан дикачу лайна дийриг (кхардамаш а. цатемаш а) дийр дацара цара. Сайн Возаллех а, Сийлаллех а дуй буу ас, сан некъе (дине) кхойкхуш волчун некъаш хедош волчун ойланаш дIахедоза Iийр ма вац Со. Царна хуур ду ларарца, тIаьхьавазарца оцу шина тобанах тIех хьакъ муьлхарниг ю (ницкъ болу паччахь ву те я Делан дине кхойкхуш болу эвлаяаш бу те)».
Дала Шен хьехам дIалоцучарех дойла вай! И Дела Шега кхойкхуш волчунна герга а ву, доIанна жоп луш а ву.
ШолгIа хаттар
Деле кхачаран а Далла герга хIоттаран а куьцах лаьцна
Хьаьжас (Дала къайле тойойла цуьнан) боху, цунна жоп даларца: «Лай шен Элан агIонехьа вирзинчу хенахь (цунна герга кхача), цунна Дела воцчу массо а хIуманах дIахада лиъначу хенахь, цо шен ойла дуьненан балхах а, эхартан хьелех а дIахадийначу хенахь, иза Дела хьехо волавелча, Делан белхийн ойла ярна чувоьлча, Далла муьтIахь хиларх дIадаьлла долчу, Делан къинхетамах гена даьккхина долчу шайтIано цуьнца хьагI лоцу, шен бозбуанчаллин пхерчий цунна тIе а кхуьйсу, шен бозбуанчаллица цунна ша Лавхьул-Махьфуз ду моттийтталц, ша цунна ялсаманин а, жоьжахатин а, тамашийна долчу кхечу хIуманийн а сурт хIоттадаллалц шен мекарлонца.
Делан лай оцу хенахь тиларна боккхачу кхерамехь ву, оцу лайна тIехь ду цу хенахь ша алар: «Ас ца лоьху ялсамане а, со ца кхоьру жоьжахате а, суна ца еза сийлалла а, ас ца лоьху нур а. Сан лаам а, ас лоьхург а Дела ву».
Оцу хьахийначунна тIехь ког сацо цуьнан ницкъ кхачахь, шайтIа эшна а долуш юхадоьрзур ду ша тIедеанчу меттехула, оцу дикачу лайно диначунна (гIайгIанан) лар юьсу цунна тIехь, кхерам хуьлу цунна, и стаг хиларна шайтIанан мекарлонах тоба хьалхаяккха ша бахьана хIуттуш.
Оцу (вай бийцинчу) некъа чувулуш волчунна хIара хьелаш гучудийларо нисво. цо схьалоцуш хиларна Далла герга кхачар, иштта дацахьара (Далла герга кхочуш вацахьара) шайтIано и тергал вийр вацара, цо иза Iадда вуьтур вара.
Делан лай оцу ворхI даржана дехьаваьлча, шайтIано цунах догдуьллу, и юхадоьрзу хIумма а доцуш, цул тIаьхьа шен мекарлонца а, бозбуанчаллица а и цуьнга ца доьрзу, оцу шайтIанна хуу дела Далла герга кхача шен некъ боций (и стаг Далла герга кхаьчна волу дела). Оцу хенахь цу лайн агIонгахьара дIайовлу боьха ойланаш, цуьнан кхетаман бIаьрг дIабеллало, дуьххьара цунна го шен устазан даржаш, цул тIаьхьа шен устазан устазийн даржаш, Элчанна тIе кхаччалц.
Иза Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) герга кхачарехь цунний, Даллий юккъехь цхьа ша барам ца буьсу. ТIаккха цунна гучудуьйлу Дела цхьаъ хиларан нуьраш, цуьнан куц хIоттор а доцуш, цунах тера хIума а доцуш. Оцу хенахь ша лелина дIавала герга хуьлу лай, ТIура-Сайнаъ боху лам лаларх терра. Дела шена гучуваьллачу хенахь. Хьалха дIабахана дукхахболу эвлаяаш лелина дIабевлла, цIаро ло дашоре терра.
Дала Шений, цуьнан дагний юккъе пардо хIоттадо, Шена гергахь саца цуьнан ницкъ кхачийта. ТIаккха Дала оцу пардонна тIехьахула цуьнца къамел до: «ХIай сан лай, хьо Со волчу кхачарх сацийнарг хIун хIума дара, Сан возалло сацийнера хьо, я сан неIаре хIоьттинчу хехочо юхатоьхнера хьо, я Со лехарехь ахь ледарло ярца хиллера иза?». Лайно мукIарло дийр ду шен ледарлонна и хиларна.
ХIара хаттар хир ду Дала цуьнан дагчу дуьллуш, Мункар а, Накир а маликийн хаттарх тера доцуш. ТIаккха Дала цунна дагчу дуьллур ду Шега хаттар, стаг дакъаза волуш а, декъала хуьлуш а долчух лаьцна. Дала эр ду цуьнга:
«ХIай сан лай, ахь Соьга дуьненан возаллех а, сийлаллех а хотталуш долу хIуманаш дехахь, хьуна хоийла, хьо дакъаза волуш хилар. Ткъа ахь Соьга тIаьхьадуьсур долчу декъалаллонах дехахь, хьайна а, Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна, умматана а, цуьнгахь (и дехарехь) даима хилла йолу декъалалла ю». ТIаккха оцу лайно доьху Дала шега омра динарг, Шен Сийлаллица а, Комаьршонца а Дала цунна жоп ло. Цул тIаьхьа цо доьазза «Ла илахIа иллаллахI» олу, дуьненан еа а агIонгахьа воьрзуш. Оцу дешнийн нур го цунна Деле хьаладоьдуш, бутт юккъе баханчу буьйсанна стиглара гарх терра. Цуьнан мел Элчанан умматна ло цо, царна гечдар а доьху цо, баккъал а, Дала царна гечдо, хьалха динчу къинойх Дала уьш цIанбо. Цул тIаьхьа иза даржашкахь кхочуш а хуьлу, Далла герга хиларехь сов а волу, шен даг тIе доссалц Делера Iилма а, цуьнгара вахьъю (омар) а. Цунна хеза маликийн эшарш а, церан зуькарш а, церан тасбихьаш а, церан молла кхайкхар а (ламазе кхайкхар). ХIара тIаьххьарниг Пайхамарийн а, Элчанийн а дарж ду. Пайхамаршна а, Элчанашна а мухIар таIийначул тIаьхьа (кхин уьш богIур боцуш) оцу дарже кхача некъ бац.
Лай хIоьттича Далла хьалха вели хилла, Дала иза Элчанна тIе хьовзаво, оцу велига схьаэцийтархьама Элчанан диканийн хIорда чуьра и диканаш, декъийтархьама лайшна. ТIаккха Элча хуьлу цунна ишар еш, цо наб ечу хенахь а, и сема волчу хенахь а. Делан лайна тIехь ду шен Устазан 1индагIехь сецар (цунах хоттавал сема хилар).
ХIара хьелаш дуьссу (кхочу) Далла герга хIоьттинчунна тIе, тIаккха и хуьлу шена и хьелаш хууш а, ша уьш дийца ницкъ кхочуш а.
Къайле хааран дай а, сийлаллин охIла а шаьш севцца болу диканиг а, зулам а, веллачун хьал гар а – уьш довзарна тIехь севцца болу сийлаллин охIла дукха бу, ша Камилан дарже кхаьчна воцург, Делан хьазрате хIоьттина воцург. Иза кIезиг ву цIечу саьмгалал а. Ишттаниг наггахь бен карон герга ца хуьлу. Царех ша карийначун доIанех декъала хуьлу халкъах дуккха а нах: ша цунна мара иккхинарг а, ша и гинарг а (везаран бIаьргаца), и гарах шовкъ хилларг а. ХIара хьехийна белхаш къеггина делилаш а ду, къеггина билгалонаш а ю Камил волу вели вовза.
Дала вайна церан беркатах рицкъа лойла, царна дуьхьало ярх лар а дойла! Вай дийцича ваьшна гина долчу а, хууш долчу а хIуманех, вайна инкарло йийр яра вайн кегийчу вежарша.
Моьттуш долчуьнца хьукма дарх Делаца ларло со. ДегIан лаамашна тIаьхьадазарх Дала лардойла вай!
(Пайдаэцна «Кишин воI Кунта-Хьаьжа» жайнах.
Зорбане кечдинарг – Хь.САИДОВ