Нохчийн Республикин бахархойх воккхаллина а, заьIапаллина а пенсе оьцуш болчара товбецан (сентябрь) бутт чекхбалале къасто дезаш ду Россин пачхьалкхо тIедогIучу шарахь шайна лун йолчу социальни пакетан кеп.
Пенсионерийн лааме хьаьжжина соцпакет ахчанца схьаэца а бакъо ю. Иза пенсина тIетоьхна схьаоьцуш ду. Бакъду, шо шаре лахлуш бу льготни молханашца кхачояран бакъонах пайдаоьцуш болчу пенсионерийн барам.
«Пачхьалкхан социальни гIо дар» Федеральни законаца нийса а догIуш, Россин Федерацин бахархойн бакъо ю социальни хьашташна лерина пакет, билггал аьлча, маьхза молханашца кхачояран пакет схьаэца я цунна лерина догIу ахча шайн пенсина тIеларийтина хIора баттахь схьаэца. Нохчийн Республикин пенсионерашна юкъахь 2018-чу шеран юьххьехь 7 процент бен вац оцу бакъонах пайдаоьцуш, ткъа луларчу регионашкахь 60 проценте кхаьчна шайн социальни пакет молханашца схьаэца реза хилларш.
Соцпакет (маьхза лучу молханашца) схьа ца эцар бахьанехь региональни бюджетана ницкъ хуьлуш хилар билгалдаьлла. Соцпакетан 2018-чу шеран чиллин (февраль) беттан 1-чу дийнахь дуьйна 1075 сом 19 кепек мах хIоттийна. Оцу юкъа догIу:
молханашца кхачоярна – 828 сом 14 кепек;
санаторехь дарба дайтарна – 128 сом 11 кепек;
цIерпоштанекъаца дIасавахарна – 118 сом 94 кепек.
Соцпакет схьа ца эца сацам бинчара меттигерчу пенсионни фондан отделенехь заявлени лур ду 2018-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 1-ра де тIекхачале.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№64, шинара, хьаьттан (август) беттан 28-гIа де, 2018 шо