Билгалдаьккхира республикин хьалхара Президент вина де

Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан театранконцертийн зала чохь дIабаьхьира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 67 шо кхачарна лерина даздаран гулам. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Нохчийчоьнан Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, ткъа иштта Iедалан органийн, бакъонашларъяран органийн, динан, юкъараллин, Iилманан, кхоллараллин интеллигенцин векалша, кхечара.

Республикин Куьйгалхочо билгалдаккхарехь, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас ша йоккхуш йолу хIора а гIулч Къуръано а, Суннато а боххург деш, оцу сийлаллашца юстуш йоккхура, ша кIорггера Iилма долуш Iеламстаг хиларе терра, шен халкъах, махках дог лозуш волу патриот хиларе терра.

«Вайн халкъ хIаллакдан гIерташ болчу дуьненаюкъарчу террористашна тIом кхайкхийра цо, шена гуонаха вовшахтуьйхира ерриге а юкъаралла. Ахьмад-Хьаьжас хIаллакьхиларх кIелхьарабехира Iехабелла болу эзарнаш кегийрхой, хIаллакйира терроризм, Нохчийчоь кхиаран а, цIинъяларан а, машаран а новкъа яьккхира. Къизалла яржош болчу террористашна дуьхьал цхьа дош ала а цхьа а ца ваьхьачу хенахь, Ахьмад-Хьаьжа, даррехь царна дуьхьал велира, царна дIахаийтира Нохчийчохь царна меттиг цахилар. Шен хьекъал, шен хьуьнар, политикин хьикмат бахьанехь ницкъ кхечира цуьнан царна тIехь толам баккха, халкъан сатийсам кхочушбан», – элира цо.

Делимханов Адама чIагIдира Кадыров Ахьмад-Хьаьжас шен дахар нохчийн халкъ маьрша дахийтаран дуьхьа дIаделла хилар.

«Республикина уггаре а хала еанчу хенахь Ахьмад-Хьаьжа дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал гIаьттира. Луьра бара къийсам. Оцу къийсамехь толам баьккхира, халкъо доккха гIолацар бахьанехь республика кхиаран, зазадаккхаран некъа тIе а яьккхира. Цхьа а толам а, цхьа а кхиам а хилла хир бацара Ахьмад-Хьаьжа а, цуьнан хила хьакъ воллу кIант Рамзан ца хиллехь», – билгалдаьккхира А.Делимхановс.

Иштта, шен къамелехь Даудов Мохьмада кхин цкъа а тидам тIебахийтира хIокху бакъдолчунна: «Кадыров Ахьмад-Хьаьжа даима а шен халкъаца цхьаьна вара. Цо дан тарлуш дерг а, доцург а дира нохчийн халкъ хIаллакьхиларх кIелхьарадаккхархьама. Ас, баккъал а, доккха дозалла до тахана со цуьнан командин декъашхо а, цуьнан некъ дIакхоьхьуш волчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан бIанакъост а хиларх», – бохура цо.

Цул тIаьхьа Х.Нурадиловн цIарах йолчу нохчийн пачхьалкхан Къоман театран актераша гайтира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лерина йолу «Орцахвалар» спектакль.

Д.АНАДЕВ

№64, шинара, хьаьттан (август) беттан 28-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: