Гуьмсан кӀоштарчу Илсхан-Юьртахь, Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дуьнен чу ваьлла 67 шо кхачарна лерина керла школа а, спортан комплекс а схьайоьллучохь дакъалецира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Правительствон Премьер-министра М.Хучиевс, Парламентан спикера М.Даудовс, Россин Пачхьалкхан Думин депутата А.Делимхановс, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо, Ӏ.Израйиловс, кхечара.
Шен къамелехь Р.Кадыровс илсханюьртахой декъалбира юьртахь керла школа а, спорткомплекс а схьаелларца.
Кадырова Айманин цӀарах йолу керла школа 360 дешархочунна меттиг а, футболан жима майда а йолуш ю.
Иштта, 532 хьажархочунна гӀанташ а долуш йолу футболан майда а, фитнесна а, латаршна а лерина, дика хьелаш а долуш, керла спорткомплекс а.
Цул сов, юьртара маьждиг а, хьуьжар а, берийн беш а тойина, токан а, газан а сеташ цӀинйина.
Иштта, хьаьттан (август) беттан 26-чу дийнахь, дакъалоцуш республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам а, Нажи-Юьртан кӀоштан префект Музуруев Асланбек а, Правительствон декъашхой а, кӀоштан бахархой а болуш, Нажи-Юьртахь схьадиллира Нохч-ГӀалгӀайн АССР-н халкъан артистан, НР-н культурин хьакъволчу гӀуллакххочун, композиторан, поэтан Усманов Ӏимранан цӀарах долу КӀоштан культурин цӀа.
Республикин Куьйгалхочо гулбелларш декъалбира КӀоштан культурин керла цӀа схьаделларца, кхоллараллехь церан кхиамаш хуьлийла лууш хилар билгал а даьккхира.
Культурин кхерчахь кхоьллина оьшуш мел долу хьелаш: 350 охьахуийла йолу зал, эстрада, буфет, артисташна а, кхечу белхахошна а лерина чоьнаш, кинопроекцин чоь, библиотека, фотолаборатори, и.дӀ.кх.а.
Культурин цӀа схьадоьллучохь, дакъалецира Усманов Ӏимранан вашас Ӏилмана.
Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дуьнен чу ваьлла 67 шо кхачарна лерина цхьаьнакхетар дӀадаьхьира хьаьттан (август) беттан 23-чу дийнахь Курчалойн-Эвлахь. Иза вовшахтоьхнера республикин Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствос.
Цигахь дакъалецира лакхахь хьахийначу министерствон куьйгалхочо Д.Умаровс, Культурин министра Х-Б.Дааевс, муфтин наиба Ӏ.Хабзиевс, Курчалойн кӀоштан куьйгалхочун хьалхарчу заместитела Я.Бисултановс, кхечара.
Цхьаьнакхетаре баьхкинчара, Ахьмад-Хьаьжин хӀолламна хьалха зезагаш дехкинчул тӀаьхьа, дийцира Нохчийчохь машар барехь а, Россин цхьаалла Ӏалашъярехь а Кадыров Ахьмад-Хьаьжех даьллачу беркатах лаьцна.
Концерт а гойтуш дерзийра цхьаьнакхетар.
Цул тIаьхьа, оццу юьртахь схьайиллира Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин Курчалойн кӀоштехула йолу урхалла.
Цигахь дакъалецира Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Д.Умаровс, муфтин наиба Ӏ.Хабзиевс, Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин хьаькама Р.Яхъяевс, Курчалойн кӀоштан куьйгалхочун хьалхарчу заместитела Я.Бисултановс, кхечара.
Цигара дIа беза хьеший Ялхой-Махка кхечира. Цигахь цара схьадиллира юьртан керла культурин цӀа.
Цигахь дакъалоцуш вара Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министр Д.Умаров, Культурин министр Х-Б.Дааев, Парламентан депутаташ, кӀоштан администрацин векалш, меттигера бахархой.
Культурин керлачу цӀа чохь 200 охьахуийла а, сцена а, хьажархойн йоккха зал а, балхана лерина 5 чоь а ю. Цул сов, чохь 3 207 книга а йолуш, юьртан библиотека а ю.
Х.ИСЛАМОВ
№64, шинара, хьаьттан (август) беттан 28-гIа де, 2018 шо