Хонкарарчу Самсун гIалахь дIаяьхьира дзюдохула Дуьненаюкъара турнир. Нохчийн Республикерчу «Беркат» спортан клубера спортсменаш толаман меттигаш яьхна цIабирзина цигара.
30 кг йолчу йозаллин категорехь яхь къовсуш хилла уггаре а къона дзюдоист Асанов Турпал-Iела. Кхаа тасадаларехь толам баьккхина финале велира иза.
Финалехь Азербайджанера спортсмен эшийна, толамхо хилира цунах.
42 кг йолчу йозаллин категорехь леташ вара Асанов ИбрахIим. Пхеа тасадаларехь толамаш баьхна, финалехь Гуьржийчуьра векал эшийна, хьалхара меттиг яьккхира цо.
46 кг йолчу категорехь леташ хиллачу Сулейманов Имам-Мохьмада цкъа хьалха туркойн а, юха Азербайджанера (ши векал) а, Гуьржийчуьра а дзюдоисташ а эшийна хьалхара меттиг яьккхира.
Лакхахь цIерш яьхна спортсменаш Iамийна АсановгIеран Виситас а, Висхана а.
Асанов Висхана дийцарехь, шайн хене хьаьжна доцуш, Асанов Турпал-Iелас (Дуьненаюкъарчу къийсадаларшкахь – кхузза) а, Асанов ИбрахIима (Хонкарахь хьалхеяккхаран турнирехь – доьазза, Балкански ловзаршкахь – шозза, Дуьненаюкъарчу турнирашкахь – пхоьазза) а, Сулейманов Имам-Мохьмада (Дуьненаюкъарчу турнирехь – шозза) а толамаш баьхна.
Л.ИБРАГИМОВА
№64, шинара, хьаьттан (август) беттан 28-гIа де, 2018 шо