Хууш ма-хиллара, Россин Федерацин Нохчийн Республикехула йолчу МЧС-н Коьртачу урхаллин белхахоша берийн могашалла меттахIотторан лагершкахь берашца дIахьош бу цIеяларан бохамах лардаран а, хи тIе лийча вахча ларъян еза бакъенаш йовзийтаран а белхаш.
Иштта, дукха хан йоццуш, МЧС-н белхахой Шелан кIоштарчу Сиржа-Эвларчу могашалла меттахIотторан «Светлячок» лагере а кхечира цIеяларх лардаран №18 йолчу декъан белхахоша лагерехь садоIучу берашна йовзийтира цIеяларх лардаларан бакъенаш. ЦIеяларан бохамаш аьхка дукха хиларна, йовхачу хенахь къаьсттина цIеяларх лардала дезаш хилар билгалдаьккхира МЧС-н белхахоша.
«Светлячок» лагерехь садоIучу берашна цIейойург лелон Iамийра, иштта, царна дийцира лийча магош доцчу хи чохь лийчар мегарг ца хиларх лаьцна.
МЧС-н белхахоша дийцарехь, и тайпа цхьаьнакхетарш дIадахьар пайдехь ду берашна.
ЦIе яьлла меттиг хилча а я хи буха воьдуш стаг нисвелча а, вай лакхахь хьахийна бакъенаш хаар бахьана долуш, берашна хуур ду цIарах муха лардала деза а, оцу бохамехь нисвеллачунна муха гIодан деза а.
– Могашалла меттахIотторан аьхкенан кампани йолаялале хьалха ерриге а лагерш цIеяларх лардаларан бехкамашца йогIуш ю — яц хьожуш теллина яра. Иштта, бераш кхечу регионашкарчу аьхкенан берийн могашалла меттахIотторан лагершка баха новкъабовлале хьалха терголатторан органийн белхахоша берашца а, церан хьехархошца а цхьаьнакхетарш дIахьо, карлайоху цIеяларх лардаларан бакъенаш, – элира Нохчийн Республикин цIеяйаран-терголатторан пачхьалкхан коьртачу инспекторан заместитела Залаев Резвана.
З.САГАЕВА
№64, шинара, хьаьттан (август) беттан 28-гIа де, 2018 шо