«Дуьне берийн бIаьргашца: сан Нохчийчоь». Иштта цIе яра Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Сийлаллин мемориалан комплексехь дIаяьхьначу берийн суьртийн гайтаман-конкурсан.
Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина де билгалдоккхуш Нохчийн Республикин финансийн министерствос «Молодежная смена» редакцица цхьаьна дIахьош яра и конкурс.
Нохчийчуьрчу, Дагестанерчу, Ставрополерчу, Германерчу къоначу бахархоша дехкинчу суьртийн гайтам схьабоьллуш дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Правительствон вице-премьер, финансийн министр Тагаев Султан, Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, шуьйрачу хаамийн гIирсийн коьрта редакторш, кхиберш.
Шен къамелехь Тагаев Султана билгалдаьккхира «Дуьне берийн бIаьргашца: сан Нохчийчоь» конкурс дIахьош йолу 8 шо хан хилар а, хIора шарахь цуьнан дакъалацархойн барам алсамболуш хилар а.
– Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) вина де билгалдоккхуш берийн тоьлла суьрташ хоржуш, конкурс дIахьош ю хIокху тIаьхьарчу 8 шарахь, кхидIа дIаяхьа а, географи шоръян а дагахь ду тхо. Хьалха дехкинчу а, хIокху шарахь дехкинчу а суьрташка хьаьжча, цхьа а эксперташ а ца оьшуш, гуш бу вайн махкахь хилла хийцамаш. Хьалха суьрташкахь тIом а хуьлура, ненан гIайгIане васт а хуьлура, ткъа тахана самукъане дай-наной, керла гIишлош, паркаш, школаш, ирсе бераш, лаьмнаш, шовданаш, ирсе дахар ду суьрташкахь. Оцу дерригено а гойту вайн мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен дас дIаболийна некъ нийса дIахьош хилар, – элира Тагаев Султана.
Билгалдаккха лаьа, хIокху шарахь конкурсехь дуьххьара кхечу республикашкарчу а, кхечу пачхьалкхерчу а 5 шарера 14 шаре кхаччалц хенаш йолчу бераша дакъалаьцна хилар.
– Конкурс дIакхайкхийначул тIаьхьа тхоьга дуккха а суьрташ дахкийтина. Гуш дара хIора а сурт доггаха диллина хилар а, берашкахь суртдилларан говзалла кхуьуш хилар а. Суьрташна юкъахь дуккха а харжамаш бинчул тIаьхьа, гайтаме дилла къастийнарг 200 сурт дара. Конкурсан хьалхара дакъа ду суьртийн гайтам, шолгIачу декъехь билгалбохур бу толамхой, – элира «Молодежная смена» газетан коьртачу редактора Хасиев Сайд-Эмис.
ВЕГИЕВА Макка
Авторан суьрта тIехь: гайтам
№64, шинара, хьаьттан (август) беттан 28-гIа де, 2018 шо