В.Путинан даррехь а, хьикмате а къамел

Россин Президента Путин Владимира тахана, хьаьттан (август) беттан 29-чу дийнахь, халкъе бина кхайкхам даррехь а, цIена а къамел ду элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо дийцарехь, мехкан Куьйгалхочун къамело тоьшалла до иза хьикмате, генна хьалхахьа хьоьжуш, ондда лаам болуш стаг хиларна. Цу хьокъехь шена хетарг Р.Кадыровс яздина Telegram каналехь.

Россин Федерацин Президент Путин Владимир

«Россин Президента Путин Владимира кхайкхам бина Россин бахархошка. Иза пенсионни реформа яран хьокъехь бара. Билгалдаккха деза иза лазаме а, даьржина доцу а гIуллакх хилар. Цундела шен сий-ларам бан хьакъ ду даррехь а, цIенна а, юьхьадуьххьал а Владимир Владимировича халкъаца дина къамел», – билгалдаьккхира вайн регионан Куьйгалхочо.

Цо дийцарехь, ма-дарра довзийтира пенси боьлху хан тIаьхьататтар довзуьйтуш долу бахьанаш.

«Цо мадарра а, билггал а, кхетош а дийцира. Мехала бахьана ду 90-чу шерашкахь демографин декъехь хиллачу эшамийн тIаьхьенашца доьзна пенсионни системина хуьлу ницкъ алсамбалар. Нагахь санна тахана хийцамаш бан ца дуьйлалахь, ялх-ворхI шо даьлча кризис дIайолаяла тарло, пенсионни фондера харжаш чекхйовларе а кхачош», – яздина Р.Кадыровс.

Республикин Куьйгалхочо иштта тидам тIебахийтина, пенси боьлху хан тIаьхьататтарца цхьаьна, Россин Президента пенсийн барамаш а лакхабахар билгалдеш хиларна.

«Владимир Владимировича дийцарехь, гIуллакхаш кхечу агIонашка а хьаьвсира. Ша аьлча, Пенсионни фондан гIишлош йоьхкина хьал тодан. Амма церан юкъара мах 120 миллиард сом бен бац. И ахча ялх дийнахь пенсеш дIадаларна бен тоьар дац. ЦхьамогIа кхин кепаш а, некъаш а ду. Цара а масех денна бен дIайоккхур яц проблема. Царна юкъахь ду налогаш алсамъяхар, пачхьалкхан долалла дохкар, дуккха а кхидерг», – боху цо.

Кадыров Рамзана ма-баххара, Россин Президента хийцамийн муьрана цхьамогIа гIоленаш ен йолу агIонаш юкъаялор а доьху.

«Ерриге а кепаш а, дерриге а некъаш кIорггера Iамийначул а, теллиначул а тIаьхьа Владимир Владимировича зударий пенси боьлху хан 8 шарна а доцуш, пхеа шарна тIехьататта боху. Иштта билгалдеш ду кхоъ, цул алсам а бераш долчу наношна хенал хьалха пенси баха бакъо ялар. Пхиъ а, кхин а алсам бераш долчу нанойн 50 шо кхаьчча пенси баха йиш хир ю», – чIагIдо Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Кадыров Рамзанна хетарехь, Путин Владимир дика кхеташ ву оппозицин ницкъаш, шайн политикин Iалашонаш кхочушъярхьама кхолладеллачу хьолах пайдаэца хьовсург хиларх. Муьлххачу а махкахь хуьлуш дерг ду иза. Кхераме дерг кхин ду – реформаш яр тIаьхьатеттаро, дахдаро кхин а вуочу тIаьхьанашка кхачон тарло. Цундела боху Россин Президента тIеэца безаш берг хала сацам бу, амма тIе ца эцча ца болуш сацам бу. Цундела доьху цо, цунах кхетарца, иза тIеэцар.

«Владимир Владимировичан таханлерчу къамело гойту, гIуллакх мел цатоме делахь а, иза хьекъале, хьикмате, генна хьалхахьа хьоьжуш, ондда лаам болуш вайн къоман баьчча хилар. Ша бакъонна тIехь хиларх тешна, шен халкъах тешна волчу политике бен балур бац шен къоме юьхьадуьхьал кхайкхам. Экономикин цхьа а проблема юкъарчу ницкъаца, вайх хIораннан а ницкъаца бен дIаяккхалур яц. Кхин а хьуьнаре, эвсаре къахьега деза вай. ТIаккхий бен лазам боцуш чекхдовлалур дац вай пенсионни реформин муьрах. Оха даггара къобалдеш тIеоьцу Владимир Владимировича юкъадохуш долу гIуллакхаш. Тхо кхета цо ерриге а кепаш, некъаш кIорггера теллина хиларх а, халкъана хьалха царах уггаре а нийса, бегIийла кеп йиллина хиларх а», – дерзадо Р.Кадыровс шен къамел.

Д.АНАДЕВ

№65, пIераска, хьаьттан (август) беттан 31-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: