Хууш ма-хиллара, карарчу шарахь, товбецан (сентябрь) беттан 1-чу дийнахь, 30 шо кхочу Курчалойн-Эвлахь Исламан институт схьайиллина.
Россин къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а Ислам-дин Iаморан декъехь дуьххьарлера дешаран хьукмат йиллинарг вара, Дала гIазот къобалдойла цуьнан, Хоси-Юьртара Iеламстаг, Нохчийчоьнан муфти лаьттина, Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.

Исламан теологин лаккхара Iилма шегахь долчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжас йиллинчу дешаран хьукматан цIе «Аль Хадж Насухан цIарах йолу Курчалойн исламан институт» хилла.
Оцу институте дуьххьара деша ваханчу 500 сов волчу мутаIелиман могIарехь хилла ца Iаш, оцу 500-х и чекхъяьккхинчу 18-нна юкъахь а хилла ву Нохчийн Республикин Правительствон вице-премьер – финансийн министр Тагаев Султан.
Тхоьца хиллачу шен къамелехь цо дийцира Ахьмад-Хьаьжех а, цо йиллинчу институтах а, ша цигахь дешарх а, цунах шена а, иштта, шеца дешначарна а даьллачу беркатах а, шена цу шерех бисинчу сирлачу дагалецамех а лаьцна.
– Султан, Ахьмад-Хьаьжас Россин къилбехь дуьххьара йиллинчу Ислам-дин Iаморан хьукматах лаьцна хIун эр дара ахь?
– Россин къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а лаккхарчу тIегIанехь Ислам-дин Iаморан учрежденех дуьххьарлерниг яра Кадыров Ахьмад-Хьаьжас йиллина йолу «Аль Хадж Насухан цIарах йолу Курчалойн исламан институт».
Насуха-Хьаьжин цIарах и институт йилларан Iалашо хIун яра – оцу заманахьлерчу Iедалан лехамашца догIуш дара и хьукмат цхьаьнан цIарах хила езар. Цундела, Ахьмад-Хьаьжас, и хьуьжар шен чоьтах яйтинчу Насуха-Хьаьжин цIарах йиллинера и.
Кхузахь билгалдаккха догIу оцу институтан цIе, Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан), кхелхинчул тIаьхьа, цуьнан цIарца хийцина хилар, хIунда аьлча, Насуха-Хьаьжас билгал ма-даккхара, «юьллучу муьрехь, цхьаьннан цIарах хила езарца доьзна, Ахьмад-Хьаьжас и сан цIарах йиллинехь а, хIинца, иза бакъдуьнена вирзинчул тIаьхьа, цунна Ахьмад-Хьаьжин цIе тилла езаш яра».
Таханлерчу дийнахь Ахьмад-Хьаьжин цIарах дуккха а гIишлош а, учрежденеш а, урамаш а, комплексаш а елахь а, дуьххьара цуьнан цIе тиллинарг цо ша йиллина хилла йолу Курчалойн исламан институт ю, вуьшта аьлча, дуьххьара Ахьмад-Хьаьжин цIе тиллина дин Iаморан хьукматана. Иза мехала ду! Цул сов, кхуззахь билгалдаккха догIу оцу хьукматехь доьшуш Дагестанера а, Къилбаседа ХIирийчуьра а, ГIебартойн-Балкхаройчуьра а, Кхарачойн-Чергазийчуьра а мутаIелимаш хилла хилар.
– Хьо цига деша вахарх а, оцу муьрехь хьайн хиллачу хьежамех а лаций дийцахьа, Султан.
– Оцу муьрехь, бакъдерг дийцича, ойла ян а, хIоьттинчу хьолах, суьртах кхета а, оцу мехалчу хиламан мах хадо а хало дара, хIунда аьлча, цкъа делахь, къона вара, шолгIа делахь, хан-зама дIаяхарца, зеделларг гулдаларца бен хадалуш а ца хилла цхьадолчу хIуманийн мах. Сан цига деша вахарх аьлча… Кхечанхьа деша хIотта кехаташ чу а делла, цIавеана вара со, нанас тхан эвлахь, коьртехь Хоси-Юьртара Ахьмад а волуш, дин Iаморан хьукмат схьайиллина аьлча.

Нанас «оцу Ахьмада деша дIахIоттарехь гIо-накъосталла а до боху, гIой хьаьжахьа» аьлла, сайга дийцича, цигахь долу хьал довзаран Iалашонца вахар а нисделира сан цига. Гуьмсера Ахьмад-Хьаьжа вара цигахь Къуръан Iамош. Цо, со а шен мутаIелам ву моьттуш, класса чу хьажийра со. Цуьнга со мутаIелам вац ала бегIийла а ца хетта, со чу а вахара, цхьана дарсехь а Iийра. ЦIавахча ас хилларг нанна довзийтича, цо, «иза цхьана диканна хир ду» аьлла, дог а тешийра сан.
Цхьа-ши де даьлча, со юхавахара цига. Дуьххьара со проректор волчу Гуьнарчу Мохьмад-Хьаьжина тIекхечира. Цо хьажийра со Ахьмад-Хьаьжина тIе, сан кехаташ кхечанхьа чуделла доллушехь. И волчу ма-кхеччи, со деша ван лууш хилар хаийтира ас. ТIаккха, Ахьмад-Хьаьжас, вела а велла: «Деша лууш велахь-м хала вацара хьо», – элира соьга.
Кехаташ тIедан барт а хилла, заявлени яздайтира цо соьга, цунна тIе «омранан» виза а хIоттош. Иштта нисделира сан цига деша хIоттар.
– Дешна меттиг, мел дукха хан яларх а, синна а цхьаьна гергара, юххера хеталуш ю. Аш, и институт чекхъяьккхинчара, хIун гергарло, хIун зIенаш латтайо цуьнца тахана?
– Республикин Куьйгалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна гуонаха дуккха а дешна нах бу, шайна юкъахь беккъа цхьа мутаIеламаш хилла ца Iаш, маьждигийн имамаш а, хьафизаш а, кхиберш а болуш.
Делахь а, тхо, АхьмадХьаьжа тхайн ШарIан устаз лара йиш ерш, даккхийдедо цуьнан куьйгаллийца тхаьш Делан дин Iамийна хиларх. Цигахь деша аьтто хиларца доьзна лору ас тахана сайна а, сайн гергарчарна а Дала делла беркат. Иштта, тахана оцу институтехь волу ректор а, хьехархой а бу оццу институтехь дешна.
Массеран а цхьатерра ца хиллехь а, цигахь дешар беркате, кхидIа долу дахар къагош, хаздеш хилла тхуна. Карарчу хенахь, со Iедалан балхахь хиларе терра, сих-сиха ца нислахь а, шина-кхаа кIиранах а, баттахь а цкъа-шозза вахар нисло сан цига. Цигарчу мутаIеламашца къамел а хуьлу сан, хьехархошца цхьаьна мовлад дешар а нисло. Суна мехала ю айса оцу хьукматца латтош йолу зIе а, цуьнца йоьзна йолу сайн сирла ойланаш а.
– Хьуна Ахьмад-Хьаьжа политик санна вевзина ца Iаш, Iеламстаг а, хьехархо а, дуьненан Iилманийн говзанча а санна вевзина. Дийцахьа, Султан, муха амал йолуш вара иза.
– Ахьмад-Хьаьжа денна а дарсаш луш вацара тхуна. Делахь а, хьехархочун меттана чувар нислора цуьнан наг-наггахь. Цкъа а мутаIеламна довдар я и човхор дацара цуьнан.
Хууш ма-хиллара, Ташкентехь дешна вара иза. И хууш дара тхуна а, массарна а. Амма, 5–6 шарахь дешарна лерина программа 2 шарахь цо кхиамца чекхъяьккхина хилар массарна а ца хаьара. Ткъа тхуна иза а хаьара. Цундела, Делан динах доьзначу хааршкахь и говзанча хилар а хууш, кхин башха вуон лелар а дацара тхан.
Мухха делахь а, тхоьгарчу кхачамбацаршна, гIалаташна я тхан цакхетарна, цо, масаллех пайда а оьцуш, кхачаме жоьпаш лора.
Кхин а и муха амал йолуш вара хьуна аьлча?! Муьлхха а хьайн лазам эцна цунна тIеваха маьрша вара хьо. Цкъа а, цхьа а мутаIелам дIадеттина вацара цо. Нагахь санна хьехархочо тхоьгара бехк боккхуш я довдеш шена хааделча, хьехархочуьнга: «МутаIелам ойла ян вита, сиха ма ве» олуш Iедал а дара цуьнан.
Иза массо хенахь а хьехархо, оцу институтан куьйгалхо хиларал сов, хIора а мутаIеламан дика, тешаме накъост а, къинхетаме да а, цхьа сирла, оьзда, нохчаллех вуьззина къонах а вара. Ахьмад-Хьаьжина хаьара адамашца тарвала, хIора а адаман синкхетаме кхача некъ а карабора цунна.
– Султан, Ахьмад-Хьаьжа Iеламстаг а, политик а, дуьненан Iилманийн говзанча а хилла. Делахь а, хьуна хетарехь, кхин а шуна, цуьнан хиллачу мутаIеламашна бен евзаш йоцуш хIун говзалла яра, аьлла хета хьуна цуьнгахь?
– Суна хетарехь аьлла а доцуш, шен тоьшаллин бух а болуш долу цхьа хIума билгалдаккха луур ду суна – Къилбаседа Кавказехь а, Россин къилбехь а Исламдинан теологин декъехь долчу академин дешаран бух биллинарш КадыровгIар бу.
Еккъа и цхьа Курчалойн исламан институт вай схьаэцча а, лакхахь билгал ма-даккхара, иза бусалба дин Iаморехь Россехь шолгIа а, Россин къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а дуьххьарлера а хьукмат яра. Цигахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа ректор вара, тахана Къилбаседа Кавказан Iеламнехан кхеташонан куьйгалхо волу Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжа декан вара, Хож-Ахьмад-Хьаьжин ваша, Ахьмад-Хьаьжин шича Хас-Мохьмад-Хьаьжа хьехархо вара.
Советийн Iедал тIедале а дин Iамийна вай, и Iедал тIедеъча а Iамийна. Оцу муьрехь Делан дин Iамийна Кадыров Ахьмад-Хьаьжас, Хож-Ахьмад-Хьаьжас, ХасМохьмад-Хьаьжас. Юха, Советийн Iедал доха герга даханчу муьрехь, Ислам-дин Iамор лаккхарчу, Iедалан тIегIане даьккхина цара.
Тахана, шен дас а, дехоша а дIаболийна некъ дIакхоьхьуш ву Ахьмад-Хьаьжин кIант, Нохчийчоьнан Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан. Бакъдуьнена вирзинчу шен дас лаккхарчу Iедалан тIегIане даьккхина долу Ислам-дин Iамор кхидIа а нохчийн махкахь даржоран Iалашонца, Рамзанан дIадолорца, денна а бохург санна, деш ду маьждигаш, йохкуш ю хьуьжарш, хьафизийн ишколаш. Вайн дайша даима а сатийсина маршо а, паргIато а ю Нохчийчохь дIахIоьттинарг.
Ткъа, сайн къамелан чаккхенехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас Россин къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а лаккхарчу тIегIанехь Ислам-дин Iаморан дуьххьарлера хьукмат схьаелларан хьокъехь аьлча, Веза-Воккхачу Делан дуьхьа а, нохчийн къоман серлонехьа а, маьршачу дахарехьа а дуьххьара яьккхина нуьцкъала гIулч яра иза.
Интервью дIаяьхьнарг – И.ХАСАХАНОВ
№65, пIераска, хьаьттан (август) беттан 31-гIа де, 2018 шо