Роботийн къийсадаларш хилира

Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа винчу денна лерина Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос «Кванториум» технопаркехь вовшах а тоьхна, дIадаьхьира кхитIе дешаран кхерчийн дешархошна юкъахь роботаш латийтарехула республикин къийсадаларш.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран заместитель Усманов Ахьмад, Къилбаседа Кавказан федеральни университетан Сервисан а, туризман а, дизайнан а институтан грантийн отделан Iилманан белхахо, психологин Iилманийн кандидат Нордгеймер Юрий.

Республикин кIошташкара 17 команда а, Республикин берийн (кхиазхойн) техникин кхоллараллин туьшан «Генезис» а, «Кванториум» берийн технопарка «Т–1000» а командаш а яра оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш. Къийсадаларш 5 декъехула дIадаьхьира: «Лестница», «Шорт-Трек Lego», «Шорт-Трек Robo», «Слалом по линии», «Робо-сумо».

«Лестница» декъехь хьалхара а, шолгIа а, кхоалгIа а меттигаш ехира: Грозненски кIоштан Къоначу техникийн цIийнан дешархочо Довлетгереев Турпал-Iелас, оццу школин дешархочо Ахматов Адама, «Кванториум» берийн технопаркан дешархочо Назиров Рахьмана.

«Шорт-Трек Lego» декъехь хьалхара меттиг яьккхира Грозненски кIоштан Къоначу техникийн цIийнан дешархочо Акаев Асхьаба, шолгIа меттиг – Устарда-ГIалин берийн техникин кхоллараллин цIийнан дешархочо Харумов Хамзата, Бадаев Ислама; кхоалгIа меттиг – Нажи-Юьртан кIоштан берийн (кхиазхойн) техникин кхоллараллин туьшан дешархочо Данаев Аслана.

«Шорт-Трек Robo» декъехь «Кванториум» берийн технопаркан дешархочо Юсупов Ихсана хьалхара меттиг а, Тазабаев Iабдула шолгIа меттиг а яьккхира.

«Слалом по линии» декъехь Грозненски кIоштан Къоначу техникин цIийнан дешархочунна Ибиев Джабраилна хьалхара меттиг а, Тутаев Мохьмадна шолгIа меттиг а елира, ткъа Гуьмсан кIоштан Къоначу техникин цIийнан дешархочунна Лулуев Мяхьдина кхоалгIа меттиг елира.

«Робо-сумо» декъехь хьалхара меттиг Грозненски кIоштан Къоначу техникин цIийнан дешархочо Цициева Амирас яьккхира, шолгIа меттиг Устрада-ГIалин берийн техникин кхоллараллин цIийнан дешархочо Газымагамаев Мохьмада яьккхира, оцу декъехь кхоалгIа меттиг яьккхинарг Шелковскерчу техникин кхоллараллин туьшан дешархо Джамалдаев Аль-Махьсуд вара.

ВЕГИЕВА Макка

№65, пIераска, хьаьттан (август) беттан 31-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: