Пхоьзза левзина, цкъа бен ца тоьлла

ХIокху шарахь аьттоно букъ тоьхна «Ахматана». Дуьззина схьаэцча, вон ца ловзахь а, тола аьтто ца болу вайн футболистийн: пхоьзза левзинехь а, халла цкъа бен ца тоьлла уьш. Амма кхузза эшна. «Ростована» (1:0), «Арсеналана (3:1), тIаьххьарчу матчехь «Уралана» (2:1).

Пхеа цхьаьнакхетарехь яьккхинарг 4 очко ю. Оцу боларца кхидIа а ловзахь, «Ахмат» турниран таблицин «кIажахь» йиса там бу, тIаккха премьер-лигех дIакъаста а тарло. И ца хилийта сихха ловзаран хатI хийца деза. Хьовса деза толаме кхача новкъарло еш дерг хIун ду. Говзанчех дагадовла деза. КIорггера хьесапдан деза хIора футболиста майданахь беш болчу белхан.

Говзанча вацахь а, бIаьрла гуш ду команда цхьаъ хилла дIахIоьттина цахилар, массеран а тола цхьабосса лаам цахилар, уьйраш, зIенаш, вовшех (майданахь) кхетар кхачаме цахилар.

Суна хетарехь, тIаьхьарчу матчехь а и кхачамбацарш бахьанехь толам карара балийтира «Ахматан» футболисташа. Ца моьттачу кепара дика дIа ма доладеллера цхьаьнакхетар.

«Уралан» футболист галваьлла, 30-чу минотехь гол тоха аьтто белира вайн командерчу Думбиян – 1:0. Оцу жамIаца чекхъелира хьалхара тайм. ТIаккха шолгIа тайм дог-ойла гIаттарца дIайолор ю аьлла хеталора соьлжагIалахоша. Иза аьттехьа а ца хилира. Мелхо а хIусамдай хIайтъаьлла хьаьвзира. Цара шолгIачу тайман юьххьехь «Ахматан» кевнахочун Городовн дог дохийра – 1:1.

Цхьаьнакхетар иштта чекхдаларе сатуьйсура, майданахь долу хьал гуш. Амма иза кхочушхила боьгIна сатийсам ца хиллера. Матч чекхъяла итт минот йисинчу хенахь хIусамдай юха а кхиаме кхечира – 2:1. Цул тIаьхьа жимма жигарабевлира Нохчийчуьра футболисташ.

Делахь а, «Уралан» гIуданан майданахь а, кевна хьалха а кхераме хьал кхолла, цкъа мацах шайн хилла волчу кевнахочун Годзюран сагатдан ницкъ ца кхечира церан. Цу тайппана, серлонан табло тIера терахьаш кхин хийца ца луш чекхъелира матч.

ХIокху чемпионатехь дуьххьара тоьлла йолу «Урал» хIинца «Ахмат» шел лахахь юьсуш мелла а лакхаяьлла турниран таблицехь.

Хь.САЙДАЕВ

№65, пIераска, хьаьттан (август) беттан 31-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: