ХIокху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан университетан технопаркехь «Регионийн командаш кхиор» дешаран программа кхочушъяран гурашкахь дIаяьхьира «2019-2024-чуй шерашкахь Нохчийн Республикехь терахьийн экономика кхиор» цIе а йолуш стратегин йоьалгIа сесси.

Цигахь дакъалоцуш яра «Экономика» цIе йолчу дешаран программин куьйгалхо, РАНХиГС-н Къилбаседа Кавказан институтан филиалан экономикин а, антимонополин урхалладаран а кафедрин доцент, экономикин Iилманийн кандидат Гусакова Нина а, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран заместитель Усманов Ахьмад а, «Ваш разработчик» ООО-н директор Давдаев Мохьмад а, регионан командин куьйгалхо Сатуев Бекхан а, иштта, Нохчийн Республикин экономика, мохк кхиоран, махлелоран министерствон а, Нохчийн Республикин транспортан а, зIенан а министерствон а, стратегин дIадолорийн агентствон а, республикин лакхарчу дешаран заведенийн а говзанчаш а.
Цхьаьнакхетар дIадолош, гулбеллачарна гайтира йийцаре еш йолу тема мехала хилар тIечIагIдеш йолу видеокийсак.
Цул тIаьхьа маршалла хоттуш йистхилира мероприяти вовшахтоьхна йолу Гусакова Нина. Шен къамелехь цо билгалъехира мероприятин Iалашонаш а, декхарш а.
Сатуев Бекхана дIадаьхьира «2019-2023-чуй шерашкахь Нохчийн Республикехь терахьийн экономика кхиоран пачхьалкхан программа» йовзийтар.
Усманов Ахьмада хьахийра терахьийн экономика кхиорна бевзаш болу бизнескоучерш а, IT-практикаш а юкъаозо безаш хилар а, регионан Iилмананхьехархойн кадраш юхакечъян езаш хилар а.
– Иштта Соьлжа-ГIалахь кхолла еза «Терахьийн майда» Iилманан-дешаран кластер, кхио еза Iилманан-талламийн а, технологийн а инфраструктура, – элира А.Усмановс.
Цхьаьнакхетарехь дIаяьхьира «Нохчийн Республикин экономикин кадрийн нуьцкъалла кхиор», «Пачхьалкхан урхаллина терахьийн технологеш а, платформенни сацамаш а юкъабалор» теманашна лерина «горга стоьлаш».
Чаккхенехь сессин жамIаш дира гулбеллачара, иштта, регионан командин хIора декъашхочунна тIедиллира биллгал декхарш кхочушдар.
I.МУРТАЗОВ
№65, пIераска, хьаьттан (август) беттан 31-гIа де, 2018 шо